11. Дахарехь зеделларш

Сайд-Эмин Мартанхо
101) Хасто хьакъ воцург хаставаро цуьнан сий ца ойъу, амма и хастийначуьнан сий дойъу.

102) Дукха луьйш волчо ойла ца йо, ойла еш верг дукха ца лоь.

103) Оьзда йоцчу зудчул вуон х1ума дац, ша яхь йоцу стаг вацахь.

104) Мел дукха хаарх а хаар дац, шена хаа дезарг хууш вацахь.

105) Шена хаа моьттуш хилларг а, цхьа хан д1аяьлча хаа моьттуш хилла карадо.

106) Д1а далалуш воцург шен бахаман лай ву.

107) Шена ца хуург дийца атта ду. Хуург дийца ойла ян еза.

108) Т1аьхьенна бахам цаваьлла буьту.

109) Хьекъал доцург хьекъалх тир вац.

110) Малхана букъ тоьхначунна гуш дерг шен 1индаг1 ду.