Джамурзаева Хьава, член клуба Даймохк

Литературный Клуб Даймохк
 
ЧГПУ-н (Нохчийн Пачхьалкхан Хьехархойн Университет) 1-чу курсан студентка


Нана


Бераллехь дуьйна сан дог ахь дохдина,
Хьайн деган йовхо сан даге кхийдаеш.
Сан жима дахар туьйранах тардина,
Лелина динехь, г1иллакхехь кхиаеш!

Баркалла олу ас,хьомениг,хьуна!
Сан иштта хьо йолуш йоккхае со!
Муьлххачу х1уманал еза ю суна,
Лаар-кха соьх а йоккхаер хьо...

Сан жима дог доьхча,хилча халахетар,
Елхаран къурдаш деш 1аш хилча г1ийла
Хьо ма ю сан дагах, соьх а кхетарг...
Кийрара бала хьоьга бийцина хийла.

Нагахь,цкъа суьйранна ойлане йоьжча,
Кхоллало сан коьртехь цхьа шийла ойла:
"Х1ун дер те даг т1ера сайн зезаг доьжча?!".
Везачу  Дала хьо латтайойла!



 


       "Сан дахаран ирс-ненан мотт"

Юх-юха боху ас:"Дахар,дахар,дахар"
Х1оранне коьртехь хьийза цхьа ойла:
Х1ун 1алашо ю дуьнен т1ехь вахаран?
Дала вай массо а декъала дойла!

Ша-тайпа кхоьллина ду-кх адам,
Тийна и ойла шен дагчохь къуьйлу.
Ца божош б1аьргара бовха хин т1адам,
Шен кийрахь муьлхха а сингаттам  муьйлу.

Б1аьрса доцучун хезаш дерг-дахар ду.
1аламан суьрташ хазачу г1енаха туьйсу.
Зевнечу мукъамца доьшу Къур'ан а ду.
Цу стеган даго ирс дахарца къуьйсу!

Ца хезаш волучун  схьагуш дерг-дахар ду,
И 1аьржа аьхкенан буьйса т1ееъча,
Сирлачу б1аьргашна гуш дерг ду-
Стиглара нур-лепа седарчий д1алечкъаш.

Цамгаро лаьцначун дахар ду-
Шен бала, лазар лечкъадар.
Везачу Деле цо г1ийла доьхург ду-
И лазар цхьангге а ца кхачадар...

Дахаран маь1на ша-тайпа ду,
Иштта ду дахаран ирс а.
Х1оранне кхочург-цо лехнарг ду,
Хиллехь и новкъахь нийса.

Мох баьлча х1орда т1ехь тулг1енаш санна,
Д1аоьху , сих а лой, зама.
Мел хилларг тахана-дицлур-кх кхана,
Лаьар -кх хан сацаян 1ама...

Ткъа тахана со-м ирс кхаьчна еха,
Бусалба со йолуш, ненан мотт сайн болуш,
Йиш йолуш доггаха бийца, мел еха,
Сайн и хилар дозалла долуш!

Х1ун хир ду хьол хьоме,
Сан ненан мотт?!
Х1ун хир ду хьол хаза,
Сан нохчийн мотт?!

Даймехкан  хазалла хьайн дешнашца юьйцуш,
Шийлачу шовданийн чам тамехь буьйцуш,
Мел хаза бека  хьо!

Кхуьуш долу бера санна,
Даима кхуьийла хьо!
Бацалара зезаг санна,
Исбаьхьа хуьлийла хьо!

Доьху хьоьга, ненан мотт,бекалахь!
Бекалахь тахана! Бекалахь кхана!
Хьо ца хилча йиш йоцуш ю халкъан кхане!



 ЧГПУ-н (Нохчийн Пачхьалкхан Хьехархойн Университет) 1-чу курсан студентка