Леонардо да Винчи. Зингат а, кIен буьртиг а

Асламбек Гайтукаев
 Леонардо да Винчи "Муравей и пшеничное зерно" (Перевод на чеченский язык)

   Йалта чудерзийначул тIаьхьа арен тIехь кIен буьртиг бисинера. ДогIа даре сатуьйсура цо чIогIа, хIунда аьлча тIаккха атта хир дара цунна шело тIейале тIуьначу латта кIоргга бухабаха.
   Уллохула чекхдолучу зингатан бIаьрг кхийтира цунах. Шена карийначух чIогIа самукъадаьлла, и беза буьртиг, дукха ойла а ца йеш, шен ги а боьллина, халла шен бен болчухьа текхаш дара зингат.
   Арахь садале цIакхачархьама, йалйан а ца соцучу цунна чIогIа хала дара: гира мохь тIаьхь-тIаьхьа базлуш хетара дуккха къахьегарна лозучу букъана.
   - Хьайна тIех ницкъ хIунда бо ахь? Охьакхоссахьа со кхузахь! -  дехар дан хIоьттира кIен буьртиг.
- Аса хьо охьакхоьссича, - жоп делира зингато, халла са а доIуш, - тхо, Iай йаахIума йоцуш, дуьсур ду.Тхо дуккха ма ду, бен чохь рицкъанан тIаьхьало совйаккхархьама, тхох хIора а ка-мIараш хьакха арадала дезаш нисло.
ТIаккха буьртиго, ойла а йина, элира:
   -  Хьанала къахьоьгуш долчу хьан гIайгIанех кхета со, иштта хьоъ кхетахь соьгарчу хьолах. ХIинца лерина ладогIахь соьга, хьекъале зингат!
   СадаIа меттиг баларна резахилла, шен гира беза мохь охьа а кхоьссина, йалйан хиира зингат.
   - Хоийла хьуна, - элира буьртиго, -  хIума дендаран сийлахь-боккха ницкъ бу соьгахь, керла дахар кхолла векалбина бу со. Цхьа барт бе вайшимма вовшашца.
   - ХIун барт?
   - ХIокху тайпана берг. Хьайн бен чу ца такхош, сан хьомечу арен тIехь ахьа со Iадбитахь, - кхетийра буьртиго, - йуха нисса шо даьлча, суна дуьхьал, со санна болу кхин цхьа бIе буьртиг хир бу хьуна.
   Цецдаьллачу зингато цатешарца корта ластийра.
   - Сох тешахь, хьоме зингат, ас дуьйцург цIена бакъдерг ду хьуна! ХIинца со Iадда а дитина, ахьа цхьана ханна сатохахь, хьан собар бахьанехь аса доккха совгIат дийр ду хьуна, хьан бенна а цхьана а кепара зен хир дац.
   Зингат ойлайан  хIоьттира, шен кIесаркIаг чу мIараш а хьоькхуш: «Цхьана буьртигна дуьхьал бIе буьртиг. Оцу тайпана тамашена хIуманаш туьйранашкахь бен хилац».
   - И муха далур дара хьоьга? – хаьттира цо, иза хIун ду хаа а лаарца, амма теша а ца тешаш.
   - Сох теша хьо! - жоп делира буьртиго. – Дахаран сийлахь-йоккха къайле йу иза. Ткъа хIинца жима кIаг баккхий, лаьттах болла со, йуха аьхка кхуза бIаьргтоха дола.
   Шаьш йийццинчу хенахь зингат арен тIе схьадеара. КIен буьртиго шен дош кхочушдира.