Бераллера ц1а

Иса Махмудов
Цхьа ц1а дара сан бераллехь, ас ойланехь доьттина. Г1аланашна а, ярташна а генахь дара иза. Б1аьрго лоццучу гондахьа, кхин цхьа ц1а а я адам а дацара. Цхьана аг1ор лекха лам, ткъа вукху аг1ор – шера аре, аг1онца луьста хьаннаш яра сан ц1енна. Цу йоккхачу аренца ша цхьаъ долчу сан ц1ийнан хехо санна, юххехь лаьтташ доккха дитт дара. Хетарехь, б1е шо гергга къена дара иза. Амма сан ц1а дацара башха мил-милла а вешар волуш. Г1еххьа лаьттара хьала а айдина, ехха аннийн учи а йолуш, Малхбалехьа ши кор, Малхбузехьа, чуволучу не1арна юххехь цхьа кор а долуш, аьтту аг1ор пеш а йолуш, цунна дуьхьала аьрру аг1ор лоха, шуьйра паднар а, ц1енкъахь бокха к1айн кхакха а 1уьллуш дара сан ц1а.
Со цига кест-кеста воьдура. Цигахь къаьсттина хаза хуьлура делкъал т1аьхьа. Сан ц1ийнан тийналла йохош дерш, байн хьокхучу суьйренан махо шар-шар деш техко уллорчу диттан г1аш дара. Хеталора цара шабарш деш, цхьа къайле вовшашка юьйцуш санна.
Суна ч1ог1а товра цу тийналле ладег1ар. Со даккхийчу адамех, церан белхех, церан дахарх, к1еда а, чолхечу а юкъаметтигех, церан хазахетарех, халахетарех, диканех, вонех водий, лечкъий, церан дуьне царна а дуьтий, сайн тийначу ц1а чу д1авоьдура. Соьга: «Хьо стенга ваханера? Ахь х1ун леладо?»- – бохуш, хоьттуш стаг а вацара. Соьга и хоттийла а дацара, х1унда аьлча, сан ойланера ц1а суний бен хууш дацара.
Адамна евзаш йоцу парг1ато, маршо, синлакхалла, цхьамма хоьттуш а доцуш, я цхьана жоьпалла а доцуш, веккъа 1аламца суо вуьсура со. Цу 1аламо 1амавора со суо вовза а, ша дезийта а. Къасттина хаза хуьлура цигахь 1ай. Гуьйрено г1аш а эгийна лаьтта сан ц1енна уллора дитт, т1е к1айн ло дуьллий хаз а лой д1ах1уттура. Ц1ергахь серса суйнаш санна, къегара керлачу лайн чимаш 1уьйренца. Пешахь йогучу ц1арах б1аьрг а тухуш, цо лоьлхуьйту дечиган ц1азне ла а доьг1уш 1ачу суна наб кхетара.
Наггахь, геннара гуш йолчу хьуьна юккъера тайп-тайпана акхарой йовлуш ара. Уьш сан ц1енна гена йоцуш, ежаш а, садо1уш а 1ара. Царна юккъехь цхьа доттаг1 яра сан. Еха кхес а йолуш, хьаьжа юккъехь, куьг диллал, 1аьржа т1еда а болуш, к1айн говр яра иза. Ас цунна «К1айниг» аьлла ц1е тиллинера. Ас цуьнга дуккха а дуьйцура адамийндуьненахь дерг. Цо тийна сайга ладег1ча суна и сайх кхеташ санна хетара. Ас гурахь цунна хьаьжк1аш кхоьхьура. Цо уьш юуш, цунах сакъералуш, цуьнан кхесах куьг а хьоькхуш лаьттара со. Наггахь иза хьуьна юккъера ара ца йолуш 1ийча, сагатдора ас цунна. Цхьана дийнахь сайн ц1енна геннаваьлла, хьунан йохаллехь со цуьнга кхойкхуш лелаш, суна дуьхьал борз елира. Хетарехь, со церан дозан т1е ваьллера. Суна дуьххьара гуш яра х1етахь борз, иза соьга нийсса лекха яра. Я со жимма хилла дера суна и йоккха хеттехь а. Берана орцахйолу нана санна К1айниг генара дуьйна еана, шен ехачу кхесаца со цхьана аг1ор д1а а къовлуш, суна т1ехьа д1ах1оьттира. Буьрса хьоьжура цуьнга борз. Жимма г1аг1-деш а лаьттина, дитташлахь къайлаели иза. Со цу меттигашкахула леларна суна оьг1азъяхча санна, со шена т1аьхьа а х1оттийна сан ц1ийнехьа схьайолаелира К1айниг. Сайн ледарлонна къера хилла, со а кхин вист а ца хилира.
Зама мел ели а, со сайн ойланера ц1а довзийта вуьйлира. Ас дуьххьара нана йигара сайн ц1а гайта. «Кхузахь ч1ог1а хаза ду хьуна, кхузахь 1айта вайша», – бохуш хьостура ас нана. «Кхузахь хаза-м ду, амма кхуза хиъна 1ен йиш ма яц», – аьлла, шен дан дезарш дагардан юьйлира иза. Т1аккха ас сайн ваша вигира ц1а гайта. Цунна сиха к1ордийра соьца цигахь 1ан. Цуьнан шен доттаг1ашца ловзарна сагатлора. Цуьнан г1уллакхаш сан ненанчул а дукха хилира. Царна сайн ц1а ца тайна суна халахетара. Т1акха сан дог иэца санна, К1айчо со вигира 1аламан къайленаш, хазалла йовзийта. Цо гайтира суна, ломан бохь мархел а лекха хуьлий, цо йовзийтира суна 1аламан, акхаройн бакъонаш. Иштта цхьана дийнахь, делкъал т1аьхьа К1айчо вигира со ломал а, хьаннел а дехьа генна д1а. Соцуш а йоцуш чехка уьдура иза. Ас нуьйран метта цуьнан кхес лоцура, жимачу суна шуьйра дара цуьнан букъ-сурт. И мел чехка яхарх а со цунна т1ера чувожарна ца кхоьрура, со тешара цунах. Т1улгийн а, г1амарийн аренаш хадийна, К1айчунна голе х1уттуш лекхачу баьццарчу бацахула доьдуш жимма болар лахдира К1айчо. Геннахь хаалора шуьйра шовда. Малх чубуза герга бара, цуьнан з1аьнарша къегина некъаш дохкура, г1ийла серсачу шовдан т1ехь. Тхо хинна гергакхаьчча со чувоссийра К1айчо. Ша т1еаьхьа а соцуш, коьртаца муьшка еш, со хинна гергатеттара цо. Цо лелочух ца кхеташ, со цецваьлла лаьттара. Т1аккха жимма юха а яьлла, дебал а х1оьттина, ч1огг1а лаьттах когаш туьйхира цо. Цу сохьта, и хин йист сийсош бес-бесара полларчий г1евттира. 1аламат хаза дара х1оьттина сурт. Со церан хазаллех цецваьлла, царех сакъералуш вехха лаьттира. Цара лесточу т1емаш т1ера оьгу до байчу махо г1иттош х1аваэхь ийдора. Цунах чекхьюьйлучу суьйренан ц1ийбеллачу маьлхан з1аьнарша эзар басахь даржадора и. Тхаьш бинабеха некъ а, сайн к1адвалар а, суна ша дерриге а дицделлера.
Амма т1аьхь-т1аьхьа, со воккха мел хуьлу а, хьалха санна, цу ц1енна доладар сан ца хуьлура. Цул сов, иза сан хьалха санна, къайле а яцара. Со цига вахча, сан нанна а, вешина а сиха каравора. Хьалха санна, маршонехь а, тийналлехь а 1ар ца хуьлура. Цкъа со вахча, К1айниг, цхьа реза йоцуш г1ийла схьаъеана, ас шена еъна хьаьжкъаш ах д1а а йиина, кхин соьца ца 1аш д1аяхара иза.
Цул т1аьхьа, со вокха мел хуьлу а, сан г1уллакхаш совдуьйлура. Сан ойланера ц1а хиллачул а кхин а гена дуьйлура, цунна т1еваха а я К1айниг гар а ца хуьлура. Наггахь уьш дагалацар бен доцуш, г1елъелира тхан з1е.
Ткъа цхьана сарахь доттаг1ашца 1аш, цхьамма хьахийра: «Кху г1алара ара а девлла, цхьа г1овг1а а, новкъа х1ума а доцучу сада1а даха дезара вай» – аьлла. Т1аккха ас сайн доттаг1ий бигира, сайн тесна массийта шарахь тийналлехь лаьттачу генарчу ц1а чу. Тхайн юрг-мерг а эцна, тхайн машенашкахь дахара тхо цига. Сан ц1а г1ийла дара, амма ас чехка схьа а ц1андина, тхайна охьаховша а, садо1а а меттиг баьккхира. Суна моьттура, сайна санна и ц1а массарна а хьоме хила деза. Амма: «Х1ара х1ун меттиг ю? Х1ара хьуна мичара карийна кху эрна арахь? Хьоккха муха кхаьчна?» – бохуш, сан ц1ийнан къоьллех ца бешаш, бехкаш дохура цхьаболчара, ткъа вукхарна башха бала а бацара. Сайн ойланера, сан бераллера ц1ийнах уьш цабашарна вас хилла, цул сов, и суьйре а хиларна суна к1айниг йицъеллера. Амма цхьанна гуттара а уллорчунна гатлуш сахьийзар сан. Делахь, ас гулбинчу доттаг1аша ечу г1овг1анна, церан дийцарш, церан беларш башха сайн ойланца со виса меттиг ца болийтара. Буьйса юкъал а т1ехъяьлча, тхаьш набарна тевжича сан ойланехь карлаелира цу ц1енца йоьзна сан жималла, сан доттаг1 К1айниг. Цкъа ара а ваьлла, сирла кхеттачу беттасица сайна К1айниг гур ярий-те аьлла дагадеара суна. Т1аккха, буьйсанна юккъехь и мичахь хир ю, цул сов, сан доттаг1ашна со арахь цуьнга кхойкху и лохуш лелаш тусалахь, со хьераваьлла моьттар ду аьлла, со 1ад1ийра. 1уьйранна, сан дог шелдеш дара суна гина сурт, сан ц1енна уллохь К1айчун лар карийра суна. Т1аккха со кхийтира, со веана хаавелла и миска еана хиллийла.
Цул т1аьхьа кхин дукха ца 1аш, масийттаза а вахара со К1айниг гойла хьажа бераллера ц1а. Амма иза кхин ца еара я со цо ларвина-кх ала сан ц1енна уллохь кхин лар а ца карийра суна. Хьалха санна, синтем а бацара сан гондахьара аренаш талла, ломан баххьаш талла. Суна ч1ог1а еса яра и меттиг. Х1инца суна адам доцу меттиг инзаре яра. Со синготта хуьлура цу ц1а чохь. Со х1инца цхьалха вара. Со кхийтира, воккха мел хуьлу а, адамаш со шайх воьзна хила 1амийнийла. Сан 1аламца йолу з1е хадийнийла. Ас айса ойланехь кхоьллинчу дуьнен чу адамаш кхийла долийча, адамаш шайчух тар дира иза. Суна шайн дуьненара мехаллаш язйира.
Ткъа тахана а наггахь ойла хуьлу сан, ведда когаш а 1уьйра сайн бераллера ц1а ваха. Бай хьоькхучу махо лесточу генийн эшарашка ла а доьг1уш, хиллачунна я хиндолчунна ойла а ца еш, дош а ца олуш, цхьажимма тийналлийца къамеле вала. Геннахь гучу хьуьнан йисте а вахна, К1айчуьнга кхайкха. Цуьнан ехачу к1айчу кхесана ехк а хьоькхуш и хьаста. Амма, со адамаша шайн дахаран бакъонашца ваха 1амийна. Цундела тиша ду сан бераллера ц1а. Шо шаре мел дели со цунна генаволу.