Даймехкан некъаш

Ваха Докаев
Край родной

Даймехкан жима х1орд-кеманчохь ду вай массо а – вайн х1усамашкахь. Ураман новкъа ца волийтара хьо бераллехь. Хьуна моьттур дерриг а дуьне нанас беш болучу хьокхамал ду. Чоь, уьйт1е…
Коре схьала а ваьлла хьо дуьххьара цецваьлла дага дог1ий хьуна?
Ураме вийла волавелар хьо… Хьуна хьалха лелхаш дара де-ненан весеташ.
- Воккхачунна хьалхе йиталахь… Жимачуьнца къинхетаме хилалахь… Нехан х1уманна т1е ма кховдалахь… Хьие ма лолахь…
Луо дашаза лаьмнаш дагчу дийшира хьуна гуттаренна а. Вайн ламанан сиха хиш ц1ий керлачу эшарехь доладиначу сана хийтарий хьуна?
Бьаргаш чу ца хьовсу оьзда нохчийн зударий бевзарий хьуна? Кхетаме ала дой долуш, мехка а, юьртан а бала болу бакхий нах а, жима дехьа кича лаьтташ кегирхой а д1ах1итти хьан шорлуш болучу даймехкан г1ароле.
Молланий хьехамаш а, до1анехь ийадо куьйгаш а лераме жоьпалле кхойкхура ойла…
Даккхий хуьлуш дара вай, ойланашцаний.
Ойлайора махках бевллачу нахах…

Д1адайна д1адели стиглара хьоза...
Муьлхачу махкахьа бен кари вайна?
Тишдела хьан дагчохь деза хилла йоза
Х1ай, зама! Вайшиннах мила ву вайнарг?!

Ширделла йозанаш д1алуьсту аса
Хьажийша,ма хуьйца замано... лай!?
Хета-кха наггахьа - валар-кха ганза
Сихделла кхачадо и дахар сайн

Минотехь тийналлин зама ца лаьтта
Ца саца дендина 1аламан дог
Алахьа, ленвоцург, хьо стенах кхаьтта
Ца хаъ-те йохьанца шершиний ког?!

Хьошалг1ахь хилла вай сени чохь кхаьрсташ
Ма к1езга диси вай, юьхьанца хиллачех
Вай вовшах деттало - денна а къаьста
Вай вовше 1ехало дуьненан   Х1илланех

1ехавехь кхин а со, йист йоцу зама
Алахьа айхьи бен ца олу илли
Г1алартехь гайтахьа хьан да, сан нана...
Аттабехь базло мохь, сурт мукъне диллий

Тишдела хьан дагчохь деза хилла йоза
Х1ай, зама! Вайшиннах мила ву вайнарг?!
Д1адайна д1адели стиглара хьоза...
Муьлхачу махкахьа бен карор вайна?


Хаза ду тахана вай мехкан хьелаш…
Вай муха д1ахьура бу-те и экаме мохь?