Кхерчара ц1е

Иса Махмудов
Сийлахьчу нохчийн къоман васт, куц, халкъан лар, г1иллакх, 1адаташ, амалаш ширлуш гуш, дог 1ийжа, къам дезаш, шен ц1е а, ц1ий а, тайпа-тукхум а девзаш волчунна. Ткъа вай к1езиг тидам бо, ца хьовсу и мехаллаш мичара схьайог1у, хьан лелийна, хьаьнгахь йисина. Цхьанхьа къовсам баьлча-м йоккху вай вешан тайпан ц1е, базбой буьйцу дай, амма цара шайх яккха ц1е муха йитина-м ца хьовсу вай. Хиллачунна д1ахьабийна б1аьргаш, кхийда вай гуш йоцчу кханенга, вовшашкахь каро г1ерта синмехаллаш, вайна ма-хетта уьш ца хилахь, вовшашкара бехкаш а дохуш. Дуьненчохь мел долчу къаьмнашкара масалш а гулдеш, довза г1ерта вай дахаран хьелаш, кхолла г1ерта сирла кхане, латто г1ерта доьзалан кхерч. Вайна тайнарг - г1иллакх, ца дезаделларг вуон амал а лору. «Вай» боху дош «сан» бохучу дашца хийцина вай. Амма вай дикка ладоьг1ча, ма гена кховда ца дезар вай доьзалехь барт, кхерчахь йовхо, дегнашкахь г1иллакх латто 1ама. Вай олу, къоман «васт» дайна д1адолуш ду. Амма цу хьолана бехкеверг арахь лоху вай.
Шен к1оргерчу чулацаман маь1на кхоччуш довза дуьненан 1илманчаш говза а хир боцуш, цхьа мехала 1адат хилла вайнехан. Маре йоьдучу йо1а шен денц1ера, шен да-нана дехачу кхерчара, цхьан аьчкачу бошлап (ведар) чохь ц1еран алу хьош хилла, керла дахар кхолла ша йоьдучу х1усаме. И ц1е д1а ца йойтуш, яго езаш хилла цуьнан ша мел еха, шен доьзалхо йо1 хилахь, цуьнга а йохьуьйтуш хилла цунах алу. Иштта, нанас йо1е кар-кара а луш, кхин ца йойтуш, ягийна б1ешерашкахь вайнехан кхерчахь ц1е. Пешахь ша юург йина ялча, ц1арна т1е мох кхетийла сацийча, яьгна а, шелъелла а д1а а ца йовш, г1ийла сийса а сийсаш, лаьтта овкъарш. Муьлххачу хенахь а жимма шаьш семса а яьхна, т1е дечиг ма тиллина, юха а юург ян а, х1усам йохъян а, марсаяьлла, хьалалеташ хилла. Иштта ца ходуьйтуш, латтош хилла и ц1е. Дагадан тарло, и ц1е керла лато г1ирс боцуш, лелош хилла аьлла. Амма, и иштта хилча, денц1ера ца яьхьча а, лула-кулахь а карор яра ц1е лато алу. Цу ц1арца йо1а хьош хилла ша кхиинчу х1усаман кхерчара йовхо, марзо, г1иллакх, вайга дешнашца йийцалур йоцу синмехаллаш.
Кхерчарчу ц1еран з1е хедира, вайнах махках бохуш. Шелоно шен муьста шок хьийзош, цу ц1еран т1аьххьара суй д1абаьккхира. Амма, къомана и бохам т1ебеъча, цу кхерчарчу ц1арахь яьгначу йовхоно дуккха а шерашкахь дагара даге а кхийдош, дог1маш г1орорах дог шел а ца долуьйтуш, дуккха а латтийра вайнехан адам. Ткъа х1инца, бакъйолчу кхерчарчу ц1арна бераллехь б1аьра хьийжинарш к1езиг бисина, бисинчеран г1ора эшна. Со а, сан хеннарнаш а, шолг1а, кхоалг1а чкъор ду. Цундела, ас сайн бабин х1ора дашца, дийцарца, амалца лехьайо, тахана цуьнан болар санна, г1елъелла йог1у цу ц1еран йовхо. Наха синмехаллаш дуьненан мехал еза лийринчу заманахь, сан къоман бакъболу турпалхой дийна болчу хенахь, божарша шаьш къонахий ца кхайкхочу заманахь, зударша шайн хазалла лечкъийначу хенахь, сан къоман кхерч хилла, яьгначу цу ц1еран йовхо, ша беъначу новкъан теш хилла санна, хебаршка дирзинчу сан бабин куьйгашкахь гулъелла. Бакъйолчу сайн къоман кхерчарчу ц1еран йовхонех йовхо сайн даге кхаьчна ву ала, ас бабин куьйгаш сайн буйна къуьйлу. Цо-м цкъа а ца кхоайо и йовхо суна.

10.10.2016 шо.