ИРС

Иса Махмудов
Ирс – иза хьан деган цхьа шатайпа хьал ду. Хьан синтем бу. Схьалаца тIам а я охьахIотто бух а ца хуьлу цуьнан. Амма вай наггахь цхьацца кеп ло цунна. Вай иза цхьана адамаца дузу, ненаца, деца, йишица, вешица, везарца, езарца, бахамца, иштта кхечу гуш долчу а, гуш доцчу а хьелашца а. И дерриге долуш верг а караво вайна гIийла. Заманца а дусту вай иза. Къаьсттина дIаяхначу заманца дара олий, билгал а доккху вай иза. Ирсе вара аьлла стаг дукха а ца веха я ирсе вацара олий дIа а ца волу. Цхьацца диканашка сатуьйсуш, ма ирсе хир дара бохуш, кханенаш а йохку. Амма и зама тIекхаьчча цо шеца деаначу ирсана башха тидам а ца бо! Со кхеттарг цхьаъ ду. Ирсе хьежа везаш вац, ирс леха дезаш дац. Хьо хьежа а, леха а воьлча, ас жимма лакхахь ма-аллара, гуш йоцчу кханенга тоьттуш ду вай иза. Ирсе хила Iама веза. ХIинца, хIокху сохьта, бIаьрган негIар тухучу юкъанна. Безачаьрца, бевзачаьрца яьккхинчу мел йоцачу заманан хам а беш, ахь даима дика лехахь дикане кхочур ву хьо. Цкъацкъа нисло и юханехьа долуш, хьан некъ луьйцуш… амма, халонаш а ма ю наггахь оьшуш, паргIатонан кхоччуш хам бан хьан дагна, синна хаийта. Ирс ду-кх, сан ирсах йолу ойла екъа, хIокху сохьта, сан маттах кхеташ, сан къомах хьо хилар а!