Хьо ца гуш де

Иса Махмудов
Дуккханна б1аьргаша хьистина ойла
Хийла а кхийдина деган къайлене.
Хийламо, тешам луш, г1иттийна т1ома
Наггахьа кураллийца хьийжина гома.

Дуккхазаъ со левеш, тилла а хилла…
Сайн дагна дола дан аса биъна дуй,
Ларамза къар а бой, дог маьршачара
Вуьтура, цхьаллийна доттаг1а вой.

Хьоьх йолу ойланаш д1атоьттуш генна,
Кхи 1еха ца вала, аса ч1аг1онаш йо,
Амма хьо ца гуш, де новкъа даьлча,
Д1абов-кха сан кийрахь т1аьххьара суй.

10.07.2016 шо