Хийрачу махкахь

Иса Махмудов
Со хьаста еъна ша бохуш,
Сина хьаам беъна ша бохуш,
Даймахкахь йоцу цхьа 1уьйре
Сан корехь малхаца йогу.
Дег1ана аьхна ю бохуш,
Тийна ю, те1на ю бохуш,
Даймахкахь йоцу цхьа суьйре
Сан уьйт1ахь хьозанца ека.
Царех дог ца туьгу товжа,
Со вуьйлу ураман новкъа.
Сан нохчийн боцучу маттахь
Соьга маршалла хоьтту;
Сан къомах боцучу наха
Соьга маршалла хоьтту.

17.08.2016 шо. Нью-Йорк