Ас х1ун дер-те хаац суна

Иса Махмудов
Хьо дагаян а,
Хьо-м ца йолу дагара.
Хьо ца йицло,
Хьо-м ца йицло б1аьргашна.
Ас х1ун дер-те?
Аса х1ун дер-те хаац суна
И д1ахаахь, и д1ахаахь хьуна.

Хьох ен ойла
Соьца яха 1емина.
Денна ц1оьстуш,
Цо сан синтем эшийна.
Ас х1ун дер-те?
Аса х1ун дер -те хаац суна
И д1ахаахь, и д1ахаахь хьуна.

Ас хьан ц1арца
Стиглахь къилбаседа
Сайн къамелан теш а луьйцуш,
Хийла батте дагара дуьйцу.
Ас х1ун дер-те?
Аса х1ун дер -те хаац суна
И д1ахаахь, и д1ахаахь хьуна.

21.04.2016