Синан Б1аьргаш

Иса Махмудов
«Сан синан б1аьргаш сирла ду,
Уьш хьоьга хьежа хьаьгна ду»
- олура, б1аьрзечу к1анта.

«Сан царех бехк а бац баккха»
- олура, курачу йо1а.

«Хьан аз сан лерасина тайна ду,
Эзарлахь суна и доьвзур ду»
- олура, б1аьрзечу к1анта.

«Ладег1ар и йо1ехь дог1уш ду»
- олура, курачу йо1а.

«Сан дагна хьо йовзар деза ду
Хьо цуьнан шекъана йоза ду»
- олура, б1аьрзечу к1анта.

«Хьо хазачу дешнашна говза ву»
- олура, курачу йо1а.

«Тховса х1ара суьйре башха ю,
И суна денйинарг хьо ма ю»
- олура, б1аьрзечу к1анта.

«Малх а чубуза генна бу»
- олура, курачу йо1а.

«Ма хилахь соьца сел аьрха,
Со хилча хьайцанна аьхна»
- олура, б1аьрзечу к1анта.

«Кхеташ яц, х1ун хоьтту ахьа»
- олура, курачу йо1а.

«Со вац сайх къахетар доьхуш,
Аса лоьхург хьан дагца уьйра»
- олура б1аьрзечу к1анта.

«Аса хьайха къинхетам балла,
Хьо г1ийла ца хета суна»
- элира, куц хазачу йо1а.

И дешнаш к1антана тайра
Цуьнан г1айг1а х1аваэхь яйра.

«Сан синан б1аьргаш сирла ду»
- олура, б1аьрзечу к1анта…

28.01.2016