Адама-м деха

Иса Махмудов
Адама-м деха
Ша дитча даха
Адамалла йоцучу дуьненан лайша…
Адама-м деха
Цхьаьна а, цхьалха а…
Яьссачу арахь а,
Лекхачу ломахь а…
Ша дитча даха,
Къизачу, дог доцчу, яьссачу к1иллоша.
Адама-м деха
Бертахь а, мерза а …
Генахь а, гергахь а
Ийманехь, динехь а…
Ша дитча даха,
Ц1ийх питан доьллачу ямартан дайша.
Адама-м деха
Ша дитча даха…

12.07.2015 шо