Маршо

Иса Махмудов
Сан синан байракх ю маршо,
Со кхуллуш кховдийна соьга,
Ца йожош д1акхехьа генна.
Цунна сан некъ баккха безна,
Цу новкъахь со вожо г1ерташ,
Дукхаза а цистина и…
Цкъа ц1ен еш, баьццара, 1аьржа,
Къарз а йо, дуьнено и...
Дахаро хама боцуш хийла
Хьерчайо бехчалг а санна.
И соьга ца лало, денна…
Сайна и езарна к1айн.
Ц1анйина, къагийна, сирла
Аса лекха ойбур ю и…
Т1аьххьара де новкъа доккхуш,
Хадаеш заманца з1е,
Ас валлалц сий дина маршо
Сайна а хилийта марчо.

14.03.2015 шо