Хама бе вай

Иса Махмудов
1уьйренан хама бо вай,
Буьйса яхъелча.
Суьйренан хама бо вай,
Де кхехка доьлча.
Безаман хама бо вай,
Безачех девлча,
Ден-ненан хама бо вай,
1ожалло лаьцча.
Даймехкан хама бо вай,
Дозанехьа девлча.
Г1иллакхан хама бо вай,
Кхечуьнгара дезча.
Заманан хама бо вай,
И едда яьлча.
Адамийн хама бо вай,
Вай цхьалха дисча.
Дуьненан хама бе вай,
Вайх дуьсур долчу!

11.02.2015 шо