***

Иса Махмудов
Т1омахь ойла

Сан ойла 1уьйрана Нохчийчу йоьду
Ламазна молла кхойкхуш суждане х1отта,
Сан ойла суьйрана Нохчийчу йоьду
Малхбузе ц1еелча пхоьхане йийла,
Сан ойла шелъелча Нохчийчу йоьду
Сан ненан ховхачу йовхонах 1аба,
Сан ойла б1арзъелча Нохчийчу йоьду
Доттаг1ий гулбина доггаха ела,
Сан ойла г1елъелча Нохчийчу йоьду
Дай баьхначу лаьмнашкахь г1ора-ницкъ эца,
Сан ойла хьагъелча Нохчийчу йоьду
Къоманна сих йоьлла сийлалла мийла,
Сан ойла даима Нохчийчохь еха
И суна хиларна дуьнена мехха!

Колумбус, Огайо, США
25.01.2015