Ас муха дуьйцур ду дуьне

Иса Махмудов
Ас муха дуьйцур ду дуьне…?
Дахаран урчакхт1е денош а гулделла,
Сан зама керчина яьлча?
Йовха ойла яьгначу коьрте
Шийла т1улг х1оьттина,
Букътоьхча уггара гергарачара.
Ас муха дуьйцур ду дуьне…?
Бакъ хиндолча эхарте ваьлча,
Цхьан декъала хиллачо хаттахь?
Хьуна чохь лаамца, лаамза
Дайначех, лайначех жоп хаьтта доьлча,
Марзлур ду - те хьо
Дег1 доцчу дерзанчу сина?
Я къахьлур ду - те хьо
Маьрша даьлла, доьдучу цхьалхачу сина?
Соьга хьо хоьттург ца тарлахь шен лаам бижо,
Хьо хоьттуш юх-юха сан сина некъ лийца волахь,
Сан дийца дезар ду
Ма-дарра,- бакъ дуьне дай иза-м...
Ас 1алам дуьйцур ду,
Со кхиъна вацахь а довза.
И хаза хилла ду даима, б1аьрго ма лоцца.
Цо адам хоттур ду, луур ду хьал – дахар довза.
Эццахьа-м кхоьру со,
Хала хир ду адамех лаьцна дерг дийца.
Т1аккха со хьожур ву и хаттар жоп доцуш дита…
Хьо хоьттург ца тигахь сан сина некъ маьрша бита,
Со вехха лаьттар ву, ца лууш дайнариг дийца.
Кхи ца гахь адамаш машаре, маршоне кхийдаш…
Сан ала дезар ду:
Адамаш къиза ду, къиза,
Гуш доцчу йилбазна тешаме доттаг1ий хилла
Шайн харцо бакъ йина, бакъ дерг харцо а 1емина,
Ахчанца шайн тоба стамйина,
Дуьненан бахамех тоба а дина,
Яхь, юьхь а доьхкина,
Делан 1илма керчадеш шайгахьа яздина,
Декъазчуьнан лазамах беламан той дина,
Дег1ах куьйг ца тухуш, ц1ий мийла 1емина,
Хьекъал дерг шен бакъ йолчу ойланех кхерийна,
Дог ц1ена, эсалниг 1овдала лерина,
Цхьа ирча даха адамаш 1емина…
Т1аккха ас эра ду сайн къамел лахдина:
Кхи соьга ма хетта,
Дог доцчу сан сина
Хала ду дуьнен сурт ма-дарра дийца…

27.12.2014 шо