Цкъамукъне а юхахьажахь нохчо!

Иса Махмудов
Хьан дада ма лаьтта, 1асанах накъост а вина!
Хьан нана ма лаьтта, шен некъаш не1саг1ехь сецна!
Хьан йиша ма еха, нехан ц1ент1е ирс лаха, яхна!
Хьан ваша ма веха, ц1ийна дукъ шена а дисна…

Цкъамукъне а юхахьажахь нохчо!
Мохк а ма лаьтта хьан, б1ешарахь къийсинчух хаьдда!
Дайн б1евнаш лаьтта хьан, мостаг1чо баххьаш а аьтта!
1адаташ дуьсу хьан, дезначийн замане хаьжна!
Г1иллакхаш дуьсу хьан, доцчарна белам а хила…

Цкъамукъне а юхахьажахь нохчо!
Кхиъна юрт юьсу хьан, замано ширйина, яьсса…
Лулахой буьсу хьан, мохь тоьхча ца хезчохь, кхайкха…
Хийра мохк, гена мохк хьуна ма гергара хетта…
Геннара ахь олу - хьайн ойла нохчичохь лаьтта…

16.01.2015 шо