Стохкалера 1а...

Иса Махмудов
Стохкалера, стохкалера 1а ду деъна,
Кхузахь цунна-м доьвзу массо ц1а!
Схьагарехь и новкъахь к1ад а делла,
Дижна 1уьллу 1алам г1орийна…

Гуьйре-м яра йоьлхуш карзахъяьлла,
Мехаш хьийзош, легош диттийн г1аш.
Иза хилла, хетарехь, шекъяьлла
Вайна дог1уш стохкалера 1а!

январь 2015 шо