Йистхилахь Дег1аста

Иса Махмудов
Къонахий лоьгучохь, къонах хила бохий ахь?
Харцо бакъ хетачохь, нийса ле бохий ахь?
Дешан сий дайначохь, дош ала бохий ахь?
Дегнаш а деллачохь, дийна хила бохий ахь?
Наной а белхочохь, велало бохий ахь?
Зама а йоьхначохь, ирсе хила бохий ахь?
Некъаш а дихкинчохь, некъ баккха бохий ахь?
Мостаг1 а г1аьттинчохь, вижна хила бохий ахь?
Массо а да волчохь, хехо хила бохий ахь?
Хьаннаш а къорачохь, талла г1о бохий ахь?
Буьйсанаш ехачохь, малх леха бохий ахь?
Йистхилахь Дег1аста, ойланаш ору ахь!

08.11.2014 шо