Цкъа езначуьнга

Иса Махмудов
Соьца йоцу 1уьйре леха,
Соьца йоцу суьйре леха,
Соьца доцу дахар леха,
Хьо кхечуьнга йоьда боху.

Ирсан з1аьнарш хьоьца йоьзна,
Сирла кхане хьоьца оьзна,
Деган дог1а хьоьга делла,
Х1етахь-м со велла хилла!

1уьйре дика хьан йойла цо,
Суьйре дика хьан йойла цо,
Ахь сан деган ца дина сий,
Дийна мел ву хьан дойла цо.

Сан ирсан мур хаьдда баьлла,
Безаман нур даьгна даьлла,
Бера санна аса хьестарх,
Цуьрг а дохко хьо ца яьлла.

Хьан г1абали тегна яьлла,
Йига бог1урш, новкъа бевла.
Ахь эшийна сирла ойла
Тховса-м йоьхна д1а ма яьлла...

2012 шо