Нах болу Нах

Нунуев Саид-Хамзат-3
   Нах болу Нах
 

  Собарца, ийманца халонаш т1елаьцна,
  Ца бохош Нохчаллин, оьздаллин мах,
  Г1илачийн сий дина, элашна ца баьцна
  Болуш бу Нохчийчохь Нах болу Нах.

  Ахчанах я даржах шайн сий ца доьхкина,
  Заманаш мел керчарх, ца лийна харц,
  Сатоьхна, къурд бина, Нохчаллех ца боьхна,
  Бехаш бу Нохчийчохь Нах болу Нах.

  Дела цхьаъ  винчеран сийдолу т1аьхьенаш,
  Исторехь деналлин йитина лар,
  Шумерин генара шайн ц1ийца эс лардеш,
  Болуш  бу Нохчийчохь Нах болу Нах.

  Делера Нохчалла заманца ца хадош,
  Мел боккха х1отторах йилбазо мах,
  Нохчаллин ийманца, Нохчаллин беркатца
  Бехаш бу Нохчийчохь Нах болу Нах.
   
  Хьарамчу  ахчанах шайн сий а доьхкина,
  Эхьечу осаллех кураллаш еш,
  Кхахьпаллех  х1онс йина, сийлахь къам бехдина,
  Хьийзаш бу Нохчийчохь нах боцу нах.

  Г1илачийн ц1ий 1уьйдуш, тоьллачех ийзалуш,
  Лайш хилла, шайн даржех тамаша беш,
  Болх бечу меттана къолаш дан 1амийна,
  Хьийзаш бу Нохчийчохь, нах боцу нах.

  1илманчийн, 1еламчийн ц1ераш а лелош,
  Шайн къоман са дакъош лела цхьа нах.
  Г1ерта уьш суьрташца, аьшпашца т1еховша,
  Ши шай а мах боцу нах боцу нах.

  Шаьш мел ца леранарш  осала базбина,
  Лахбеш шайн историн, шайн динан мах,
  Лела уьш совг1атех, мехцалгех сатесна,
  Нохчалла йоьхкина, нах боцу нах.
   
  Хьанала къахьега аьтто а ца нисбеш,
  Д1атесна шайн г1ийла, шайн миска нах,
  Хабаршца базбелла, ахчанца совбевлла,
  Хьийза  кху  Нохчийчохь нах боцу нах.

  Йог1ур ю цхьа зама – нийсонан цхьа зама -
  Дала ша къестабеш бен-башха нах.
  Сийдина, айбина, декъалчийн шайн дарже
  Кхачор бу Аллах1а Нах болу Нах.

  Делах а ца тешаш, вовшех а ца бешаш,
  Дукъийна тешхачу  хьоло шайн са,
  Хьарамчу г1аланех к1арлаг1аш таръелла,
  Буьссур бу заманца нах боцу нах.

  Т1аьхьенаш дебар яц нах боцчу цу нехан.
  Саьхьарло хьербаьхна, х1аллак хир бу.
  Оьздаллин 1аьнарца Нохчаллин яхь ийна,
  Даймахкахь Нах болу Нах бехар бу.

  **

  «Собаре лаьмнаш» роман юьккъера.

  **