Iилманча а, йаздархо а Л. Ибрагимов

Асламбек Гайтукаев
В последний месяц весны 2015 года ушел из жизни известный чеченский поэт, прозаик, драматург, критик, ученый-литературовед Ибрагимов Лема. 29 октября 2016 года ему исполнилось бы 65 лет.

Ибрагимов Лема - основатель жанра афоризма в чеченской литературе. Им была успешно защищена кандидатская диссертация по чеченской филологии. Он оставил после себя добрый след,  богатство – бесценные научные и литературные труды.

Читатели сайтов «Проза.ру» и «Стихи.ру» ежедневно знакомятся с научными статьями и литературными произведениями Ибрагимова Лемы Махмудовича. Как следует из отзывов читателей, многие из них еще не знают, что ученого и известного мастера слова нет с нами... 
 
Литтинчу дешан хазна
йитина дIавахана Ибрагимов Лоьма

Цхьа шо сов зама хьалха, вайх цхьанна а дагахь доццург а деш, цIеххьана вайна юкъара дIавахара Ибрагимов Лоьма (Дала гечдойла цунна). Литературехь болх тIаьхьуо болийнехь а, сирла, йоккха лар йитина цо ша кхочушдинчу гIуллакхашца. Цундела, нохчийн йозанан дашца уьйр-марзо йолуш, республикин муьран (муьран доцчу) зорбанан тидам бечунна ца йовза  йиш яц масех книгин автор волчу яздархочун Ибрагимов Лоьмин цIе.

Iилманан агIо яра Лоьмица. Цо тIаьхьарчу хенахь болх бира республикин Iилманийн академехь Iилманан лакхара гIуллакххо волуш. Филологин Iилманийн кандидатан диссертаци чIагIйира. Цуьнан тема яра «ХХ-чу бIешеран нохчийн прозехь исбаьхьаллин кепара къоман башхалла гайтар». Цуьнан Iилманан белхашна юкъахь къаьсттина шена тIе тидам боьдуш  «Гадаев Мохьмад-Салахьан феномен» болх бу. И болх юха а, юха а беша безара нохчийн меттан а, литературин а хьехархоша а, маттаца а, литературица а бала мел болчара а.

Ибрагимовна уггаре а герга хилларг, хетарехь, афоризмашна, неологизмашна, фразеологизмашна, архаизмашна тIехь цо беш хилла болу болх бу. «Афоризмаш юкъаялош буьйцучу матто мелла а хьоле, чулацаме сурт хIоттадо, дешархо (я ладогIархо) гIолехь кхетаво вайна дIакхачо луучух», – иштта аьлла хетара вайн литературехь афоризман жанран бухбиллархо лара хьакъ волчу Ибрагимовна. Дика яздарал сов, ша буьйцучу маттаца схьа а гойтура Лоьмас и дерриге а.

Литтинчу дешан хазна ю цо гулйинарг. ДIабоьдуш тIом а болуш, ша араваьлла а, бевза-безачаьргахула а схьагулдира цо дезачу жовхIаран меха хIуманаш. Тахана вай а, тIейогIучу тIаьхьенаша а царах пайда мел оьцу, цо а, иза санначара а хьегна къа эрна хир дац. Дала мукъалахь, лелаш долу сагIа а хилла, ял лур ю оцу белхаша хаддаза.

ХIуманна мало ца еш стаг вара Лоьма. Ткъе пхи шо сов хьалха кхунна вевзаш волу цхьа оьрси а, хIара ша а велосипедашца воьдуш хиллера Толстой ваьхначу «Ясная Поляна» цIе йолчу метте. ХIорш цига дIакхача герга баханчу хенахь, буьйса а йоьлла, четар хIоттош бохкуш, тIенисвеллачу меттигерчу вахархочо-оьрсичо, къар а ца велла, буьйса яккха шайга бигна хиллера.

ЛоьмагIар шайга а балийна, цаьрца садоIуш Iачу хIусамдас сих-сиха ша-шега олура, бах: «Шу кхетий, нах! Кху юххехь а Iаш, цу тIе хьехархо а волу, со цкъа а ца вахна Толстой ваьхначу меттигашка, ткъа хIорш оцу генарчу махкара, цу тIе велосипедашца а баьхкина кхуза, кхетий шу?!» ШолгIачу дийнахь ЛоьмагIар шайн школе а бигна, дешархошца кхеран цхьаьнакхетар вовшах а тоьхна, тIелецира, бах, оцу хьехархочо а, цуьнан дешархоша а шайн дахарехь дуьххьара «Ясная Поляне» даха…

«Гоч» журналан редакцехь, цхьацца гуламашкахь масех цхьаьнакхетар хилла сан Лоьмица. КIеда-мерза къамел долуш, маслаIате волуш, нахаца вазавала хууш, ша вовшахдетта гIуллакхаш дика девзаш, ира хьекъал долуш, Дала дика дина стаг вара иза. Ас, со бохуш вацара, тийна-таьIна шен гIуллакх деш вара – халкъана, вайн тIаьхьенна оьшур долу хIуманаш дIаяздеш, гулдеш.

Лоьмина вайн дахар а, адамийн юкъаметтигаш а, амалш-леларш дика девзаш хилла хилар бIаьрла схьагойтуш хета цуьнан (шен барамехь жима долчу) «Дала деллера гIеххьа хьекъал» цIе йолчу дийцаро:

«Дала деллера гIеххьа хьекъал. ГIеххьа корматалла а еллера. Шен йозанан хатI долуш, шен хенахь веша тамехь яздархо хилира цунах. Амма Дала шена деллачух тоам ца беш, и хIилланашка марзвелира. Царах даар-духар дина ца Iаш, хьал-бахам а бира:
– Тхан дайша хIилла хьекъалан билгало лоруш ма хилла, – олура цуо кест-кеста.
Лоьхучунна карийра. Оьшучо, цуьнгара тера лелар ийцира. Дуьне тIарал гатдеш дукха нахана бале велира. Дала ша деллачух жим-жима хервеш хервича, тера лелар хьулдалла  хьекъал, корматалла ца тоьачу делира хьал.

Кхолларалла – цхьаъ-важа кхечерачух шеко йоццуш таръяла а йоьлла – Iанаяхара. ХIетте а Iеминарг ца диталора. Ша метта воьжча, цамгаро шеца хIилла леладо моттаделира цунна. Ткъа нахана, велла аьлла хезча, ша цавеллашехь, и беллачарах тера лела ваьлча санна, хетаделира».

Сайн доларчу библиотекехь Лоьмас дитина жайнаш хиларх воккхаве со. Со тешна ву, вайн махкахь уьш доцуш цхьа а библиотека хир яц аьлла. ХIора дийнахь совбуьйлуш иттаннаш эзарнаш шайн дешархой а болуш, «Проза.ру» а, «Стихи.ру» а сайташ тIехь лерринчу агIон тIехь ю Ибрагимов Лоьмин дуккха а говзарш.

Дуьненахь шен тIаьххьара де тIехIотталц ала мегар долуш, Лоьмас дика дола дора оцу агIонийн: дешархошца къамеле волура, хаттаршна жоьпаш лора, хаза хьехам бора. Ткъа хиллачух ца кхета дешархой тахана а бу цуьнга яздеш, цуьнан говзарех лаьцна дош олуш, царах беркат оьцуш…