Халкъан хьехархо I. Эльдаров дагалоцуш

Асламбек Гайтукаев
 
 …Ойланийн марахь ю дахаран аре,
Амалш ю хIинца ношъелла.
Хьехархо, хьох йозу тIаьхьенийн кхане,
Некъ хьуна сийлахьниг белла.

Чолхе ду дахаран, кхолламан некъаш,
Соьгахь ду ахь хьехна къилба.
Дорцалахь хебар дац шелделла тIемаш,
И хьалхахь лепар ду седанах сирла.

Вевзаш волчу поэтан Сайдуллаев Хьасанан и могIанаш хьакъ долуш вайн дийцаран турпалхочунна а догIу аьлла, теша мегар ду. Нохчийн моттий, литературий дешархошна хьоьхуш, оцу башхачу Iилмане лакхарчу корматаллица безам-марзо кхуллуш, оцу сийлахьчу гIуллакхана боккъал а юкъ йихкина ваьхначех вара Эльдаров Iалудан IабдулкъахIир. Вайн мехкан дешаран хьаьрмахь уггаре а сий-ларамечу говзанчех цхьаъ вара иза.

Эльдаров IабдулкъахIира (1957-чу шарахь дуьйна) 25 шарахь гергга къахьийгира шен дай баьхначу Бена-Веданарчу школехь (Нажи-Юьртан кIошт). Ткъа 1987-2011 шерашкахь – Гуьмсан кIоштарчу Ойсхарчу №2 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школехь болх бира цо.

IабдулкъахIиран хьанал къинхьегам билгалбаьккхина мехалчу совгIаташца. Иза вара «Российски Федерацин халкъан дешаран отличник»,  «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо», «Нохчийн Республикин халкъан хьехархо».
 
Дика хьехархо хилла ца Iаш, хьехархошна хьехамча вара иза. Масала, масех шо хьалха шен хаарш, зеделларг кхечарна а дIакхачорхьама, «Нохчийн литература хьехаран некъаш» цIе йолу, 9-11 классийн хьехархошна а, хьехархойн училищийн студенташна а лерина дешаран Iамат зорбане яьккхина цо I. Саралиевца цхьаьна. Доккха гIо ду иза вайн хьехархошна, методисташна. Кхин цхьана методически Iаматан автор а вара Эльдаров.

Вевзаш волчу оьрсийн хьехархочо К.Д. Ушинскийс яздина, ненан мотт – сийлахь-воккха хьехархо ларало, «цо дуккха а долчунна Iамийна ца Iаш, тамашийна атта, цхьа тIаьхьакхуьур воцчу дика гIо дечу кепехь Iамаво, цунна чуьра беро «синан хи а, ненан маттахь долчу дешан некхан ницкъ а молу», аьлла. Ша ненан матто кхиабо беран кхетам. Цунна хIума дика Iема, нагахь иза гергарчу, цо ойлаечу а, иза кхуьучу а ненан маттахь цунна дийцича. Оцу бакъдолчух дукха хьалхе кхеттера Эльдаров IабдулкъахIир.

Нохчийн махкахь дуьххьара нохчийн меттан кабинет кечйинчех а, цу чохь дуьххьара республикин барамехь мехала семинар дIаяьхьначех вара иза. Иза IабдулкъахIира Нажи-Юьртан кIоштахь болх бечу хенахь дара. Ишта Ойсхарарчу №2 йолчу школехь а Iаламат дукха хуьлура дешархойн а, хьехархойн а бевзаш болчу яздархошца а, искусствон гIулллакххошца а чулацаме цхьаьнакхетарш.

Адамалла йолуш, кIеда-мерза, оьзда къамел долуш стаг вара Iабдул-КъахIир. ТIаьххьара сан цуьнца цхьаьнакхетар хилира иза кхалхале цхьа шо гергга хьалха цуьнан цIахь. Лоьрашна тIелелаш вара иза, цамгаро ницкъ бан болош хиларна. ХIетте а школе ша вухагIур вац аьлла, догдиллина а вацара. ДIадаханчуьнга бIаьрг беттара цо, литта хьожура хилларш-лелларш, таханенца доьзна а сагатдора цо:

- Сайн ницкъ ма-кхоччу болх бан гIертара со, муха нислора-м хаац. Сой гайта-м ца гIиртина со. Сайна хетарг дIаолуш хилла а ву со.
 
- Дуьххьара школе 1947-чу шарахь вахана со, гIиргIазойн маттахь яьккхина ас хьалхара класс. Iаламат чIогIа хала дара кхечу маттахь деша. Вай Даймахка цIадирзинчу хенахь институтан физмате кехаташ дIа а делла, цхьа экзамен дIаелла а ваьллера со. ШолгIаниг тIекхачале юха къоман отделене дIаделира ас кехаташ. Соьца доьшуш вара Магомаев Салавди, Мадагов Увайс, Усманов Iаьрби…

- Кхетош-кхиорца доьзна мехала маьIна долуш, дуккха говзарш ю программин гурашна юкъаяхана йоцуш. Ницкъ кхочучу кепара царах пайдаэца хьожура со. Ас даима мехала лерина урокехь дешархойн къамел кхиорна тIе тидам бахийтар, лексикологи хьалхарчу меттехь хилийтарна а. Литературин киншканийн хьокъехь дуьххьара критически статья язйина ас 1984-чу шарахь; цхьаболчу коллегаша, хьой чуволлийта воллу хьо, элира соьга цу хенахь.

- ЕГЭ юкъаяларца нохчийн меттан тергояр лагIделла хета суна. Нохчийн литературехула экзамен яра хьалха 11-чу классехь, хьехархочунна а, дешархошна а тIехь жоьпалла дара. Хьалхара ах шо чекх ма-деллинехь, берашка билеташ дIалора ас. Цхьаъ вогIура, ша бархI Iамийна олий, кхечо, масала, шийтта Iамийна хуьлура, и. дI. кх. 11-чу классехь литературин экзамен хила ма еза.

- Айдамиров Абузарца доккха гергарло дара сан; Бена-Веданара дешархой балош иза волчу вогIура со.
 
- ХIинца мел сахьийза хаьий хьуна сан, школехь воцуш. Оцу берийн аьзнаш хезча, самукъа долу сан…

…Юьртара хьехархо. Даима мехала хилла цо дийриг, тахана а ду, тIейогIучу заманахь а хир ду. Юьртахь Iаламат дика девза адамаш вовшийн, дайшкара дуьйна схьа а бевза. Кера юккъе йиллина хIума санна гуш а хуьлу юьртахь стаг, цо дийриг дика го, цо мел хьалха дина дика а, вуон а диц ца ло.

Кхечарна ша хьоьхург ша кхочушдеш воцчун а тидам бо наха. «Стаг жа дажо вахарх хIун пайда бу, ша сарахь цIа вогIуш цо цхьа а уьстагI цIа ца балийча», – олура вайн юьртахь цхьаммо. ХIета, билгалдаккха догIу, Эльдаров IабдулкъахIира хьехначу дуккха а дешархойх хьехархой хилла хилар. Дахарехь пайден йолу кхин говзаллаш-корматаллаш а хаьржина цара.

Кхин цхьа б1аьрла масал гайтина (вайна дитина) Iабдулкъах1ира: хьехархочун говзалла а хаьржина, деша а дешна, школехь хьоьхуш ву цуьнан ши кIанта а. Шен дас еххачу хенахь болх бинчу Бена-Веданарчу школехь – шайн дай баьхначу юьртахь – дешархошна математика хьоьхуш ву Адам. Шен белхан биографин шолгIачу муьрехь IабдулкъахIира эвсараллица къахьегначу Ойсхарарчу №2 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школехь нохчийн моттий, литературий хьоьхуш ву Iаьрби!

Поэто ма-аллара, тIаьхьенийн кхане шех йозуш хиларх дика кхеташ, вухавалар доцуш, хьехархочун сийлахьчу некъана муьтIахь хилла, хьуьнаре къахьегна Эльдаров IабдулкъахIира. Оьзда, сирла лар юьтуш, дика чекхваьлла иза халачу дахарх. Дахар, вайна ма-хаъара, хала а, къиза а хилла цуьнан а, цуьнан чкъуран нехан а. Бераллин цхьа дакъа мецачу, шийлачу, хийрачу Сибрено лачкъийна, тIаккха юхаметтахIитта, юхадендала гIерташ къахьегна, юха шайн Даймахкахь шина тIеман бала лан а дезна.

Дала мукъалахь, Эльдаров IабдулкъахIира хьехна Iилма а, дахарехь хьегна къа а, лайна баланаш а эхартахь цунна йоле а, иза воккхавевеш а хир ду! Шен гергарчийн, ша деша Iамийначийн, белхан накъостийн, вевзинчийн-везначийн сирлачу дагалецамашкахь висна, вуьсур а ву иза!