Аружина лерина

Петимат Аюбова
Кхаъ белла т1ехъяккха
Йиш йоцу раг1 текхна
Шийлачу маьхьарца
Тхо кхойкхуш дитна
Ма гена ели хьо
Тхан нана Аружа!


Цамгарца  ахь хьегнарг
Кхин г1оле йоцуш
Сатуьйсуш дарбане
Лерина ахь лелор
Дицлур дуй цкъа а?
Тхан дика Аружа!


Собаре, хьекъале
Ахь олу х1ора дош.
Дагна ахь цкъа а
Ца йина дашца вас.
Х1ун дийр ду оха,
Хьо йоцуш, Аружа?


Сатийсам г1отту
Т1ейог1уш буьйса
Гур яц-те г1енаха,
Жимма а олий.
Ма тесна дити ахь,
Тхан хьоме Аружа!


Кхоьллинчу   Дала
Декъалайойла хьо!
Везачу цу  Дала
Гечдойла хьуна!
Къинт1ера ялалахь тхуна
Хазаниг, диканиг,
Хьомениг, Аружа!