Даймохк... сан Даймохк...

Адам Делибер
Х1ара дешнаш лоьхуш дуккха а нах бу, царна лаха атта хилийта а , 1амуо луучанна- 1амуо а  аьлла доху аса х1ара дешнаш зорбане.

Ломаца хьун ловза яьлла,
Цуо шен узам бо.
Дато т1улг боькъуш даьлла,
Шовдано шен илли аьлла.
Даймохк!- хьо ю сан марзо,
                сан марзо!

Лома цара мукъам мерзаш,
Дагца лела дуо.
Дарйина чов сиха йоьрза,
Дарба луш цуо  до вай реза,
Даймохк хьо ю сан йовхуо,
                сан йовхуо!

Арахь шийла дог1а доьлху,
Оьгаш г1аш а гуо.
Г1араг1улеш къилбе йоьлху,
Сан са гаттлуш б1аьргаш доьлху!,
Даймохк!- хьо ду сан илли
                сан илли!