Керла Пхьармат

Петимат Абубакарова
Жималлехь дуьйна ч1ог1а сатесна яра со литературни  "Пхьармате "кхача...Дера бара иза, сан  кхетамехь ,х1ета  ,70-80- чу шерашкахь,яханчу оьмарехь Кхолараллин баккхийчу кхиамийн Лам...
Ч1ог1а  лаьара  суна  х1ета  церан  мог1арехь  хила  а,къайллаха 
Са  а  туьйсура  ас  цкъа  цаьрца  гергарло  таса  а,царех  д1акхета  а.
Сан  бераллехь  кхочуш  хилаза  бисина  сатийсам  кхочушбан  санна, 
 хьалха   хиллачу   "Пхьарматна"  безамна а вошахтоьхнера   2007 шарахь нохчийн вевзаш  волчу   поэто- пародисто, журналиста,нохчийн меттан воккха говзанча а лоруш волчу Уциев Абус  шен  накъосташца   керла  «Пхьармат»
 Дуьххьара  «Керлачу  Пхьармате»   со  кхечира  сайн "Серло" цхьаьнакхетаран тобанна юкьара пох1манча Хозуева Мадина а эцна яхча.Кхузахь суна  бевзира кьона поэташ- пхьарматнекьий.Уьш бара х1етта шайн дуьххьара  кхоллараллийн з1ийдигаш кхиина , уьйраш таса буьйлалуш хилла кьона яздархой а,иштта кхоллараллийца бала болу  нах а.Доккха  г1уллакх  дара  къоначу  пох1манчашна  г1одан  и  цхьаьнакхетар  вовшахтохар.
К1ирнах  цкъа  а,шозза  а  вовшех  кхетара  пхьарматхой  Къоман  библиотехь  а, Зорбанан  ц1ийнахь  а, ишта  шайн  аьтто  бол-болучехь.
Ханна накьостел йоккха елахь а, ца 1елора кьона "доттаг1ий" болчу ца яхача со а.
Дуккха а пайдехь дерг хиира цу цхьаьнакхетаршка лелачу кегийрхошна  шайн  баккхийчу  доттаг1ашкара.
 Уциев Абус дуьйцура поэзин 1илманах шена зеделларг,стихосложенин 
1адатех  . Цулсов, бовзийтира Нохчийн кьоман поэташ, яздархой, 1илманчаш.
Кхузахь вовзийтира Хатуев 1абдал-Хьамид(Дала гечдойла цунна),Завриев Ма1дулла,Ямлихан Хазбулатов кхин а...
Къаьсттина  мехала  ду  суна  сайна  Абу  цхьаьнакхетаршкахь  1абдул-Хьамид  Хатуев  вовзар  а. Абус  дуьххьара  х1оьттира  къонаниш   цуьнан  кхоллараллех.  Цулт1аьхьа  сих-сиха  кхойкхура  иза  гуламе  а…
Леррина  ладуг1ура  шина  доттаг1чо   къоначийн  говзаршка, ма-хуьллу  томехь  дош  ала  хьожура,къоначарна  вас  ян  кхоьрура…
Поэзин  башхаллех  дика  кхеташ  волу  Абу  ца  1алора  бакъдерг  ца  аьлча ,хетарг  ца  аьлча а. Цундела  ву  и  нохчийн  поэзехь  керлачу  жанрехь  пародехь  воккха  говзанча. « Вайн  литературехь  уггаре  а  доккха  кхачамбацар  ду- критика  ца  лаялар»,-бохуш  дуьйцура  Абус .
И  бакъ  а  ду, критика  ца  хиларо ,ца  кхуьуйту  кхиа  ма- езарра  нохчийн  литература. Х1ара  тоба  вовшех  тохар  а  дара  церан 
литературина  орцахбовлар.

Керлачу  «Пхьарматехь»  бевзира  тахана шайх дош ала хьакь болу кьона поэташ,яздархой:Халикова Асет, Арсалиева Люба, Петирова Пет1амат ,Тапалаева Амнат, ,Ясаева Мадина, Хабаев Исмаил, Даудов Гелани,Сагаева  Залина,Абдулкадыров  Адам,Халимова Фаиза,Сулеманова Камета...
Царех дукханийн дуьххьара кхоллараллийн з1ийдигаш зорбане евлира "Марг1алш" юкьарчу гуларехь 2007 шарахь.
Тахана ондда кьахьоьгуш схьабог1уш бу и пох1манчаш.Петирова Пет1аматан"Сатийсаман заза", Арсалиева Любин "Ц1ерхазамна доцуш» стихийн гуларш араевлла х1инцале а .
 Яздархойн союзе чуелла ю кхин а дуккхачеран произведенеш а.
Шен гулар хилла хьакь долчех ю Асет Халикова а,Амнат  Тапалаева,
Исмаь1ал  Хабаев,иштта кхин  а  дуккха  а къона поэташ,яздархой.
 Къоначу  яздархоша  шайн  произведенешкахь  яздо  Безамах,Даймахках, Иллех, Къонахаллех…
Абу  Уциевс  билгал  ма-даккхара, къоначу  яздархойн  шортта  синхаамаш  бара, амма  дахаран  зеделларг  ца  тоьура,амма  массо  а  х1уманна  ,хиламна  шен  сахьт  ду.  Цундела  оьшура  цаьрга  г1оьналлин  куьг  кховдо  а…
Зама  д1аяьлча  бен  хуур  дац  ,мел  доккха  беркат  даьлла  оцу  шоллаг1чу  «Пхьарматах» . Поэтан  Абун   ницкъ  кхечира  Нохчийчохь  т1ебаха  меттиг  а  йоцуш  лелачу  къоначу    адамашна   шайна  кхоллараллийн  кхерч   карабайта,церан  вовшашца  уьйраш  ч1аг1ъян  а,  шуьйрачу  литературни  новкъа  къона  ч1ор  даккха  а.    
               
Шаьш оцу  къоначу  пох1манчийн гулар "Марг1алш"  вовшах а тоьхна,иза арахоьцуш,Абу Уциевн а,Хатуев 1абдул-Хьамидан а цхьа  1алашо яра,  шеко  йоцуш:нохчийн литература кхиийтар,цуьнца  культура а.Церан дегайовхо  а  яра цу гулар  юккъе  баханчу  яздароша Нохчийн  къоман  дахарехь  йоккха г1улч  йоккхург  хиларх .Цара  шайн  къамелехь марздора  Нохчийн  дош,Нохчийн къам,иштта  марзо кхуллура Даймахкеа,цуьнан синоьздангаллин  1адаташка  а.                2011