Лом

Фаиза Халимова
Ломара Лом ду
дера тийжаш,
Сингаттамна
ойла ц1ийзаш,
Шен туьшахь ша
Дисна сцхьа,
Г1айг1ане ди
Иза хьан?
Тохарлера
Уьйраш а яц,
Бассабелла
хьейшийн гуо…
Ойланаша
корта огу,
Шен бехк лоьхуш,
Дог а догу:
«Акхарой сох,
Стенна къехка»? –
Оьг1азлонна
Кийра кхехка.

Бехк шеен хеташ
Дац и цкъан,
Жима, къона,
Даларх къан.
Йицъелла шен
Сонталла,
Ша лийрина
Къизалла.
Цхьанна тухуш,
Важа воруш,
Кхечо дийнарг
Шена оруш,
1азапах тардина г1ан,
Шен гонехь
латтийна ан.
Паччахьалла
Моьттина,
Шена цхьана
доьттина.
Х1инца кхуьнгахь
Дац кхин таж,
Масех тилла
Коьрта хьаж,
Мохь а балац
Цхьаъ кхеро,
Духа дийра дац
кхин пхьеро,
Кхетча, кхета а
т1аьхьа ду –
Цунна кхаьчнарг
Лехнарг ду.
            
(Лом в переводе на русский означает - лев. Басня на чеченском языке, издана в 2008 году).