Хьо

Зерг Алдар
                Хьо.

Латтаха дег1 дина, цун дег1е х1упп аьлла
Делан лаамца кхоьллана адам ду хьо.
Хекъалах терз дина, воу-дика а къастина,
Нийсоне новка т1е веккхира хьо.

Йалсамане на1арш схьайаста аьлла,
Цу Йалсамане, хьаша, Дала ви хьо.
«Маршаца ва хьо, маршаца ваха»,
И олуш, хьан Дала, хьастира хьо.

Йалсаманехь, накъост, Хьава йу хьуна,
Йалсаманехь, алара, «маршала» ду.
Йалсаманехь, даъ-мала,  маршацъ ду хьуна,
Амма, цу маршанна,  дозаъ  ма ду.

И доза: - Х1ай Адам! и довзаг ду хьуна,
И доза: - Х1ай Адам! хьун довзера ду.
Нагахь,  «Х1ай Адам»,  и дита алахь,
И дита Адам,  хьун омар ду.

Дицъдина омар, дозаха т1ехбойла
Т1екхойда диттана, кхаьллара 1аж
1аж кхелча, хилара адамна 1ожалла
Г1аш гулдинъ г1иртар уьш,  къелдаккха аьхь.

-Цабехар  шуга, -  «Ду шунъ и доза»!
-Цабехар  шуга, -   «И омар ду»!
- Йаг1ийта кхузара, шиммуо йаг1ийта!
-Латт т1ехьа, далларцъ шун дахар ду!

Дуьненчу делар хьо, махьарца адам.
Йалсаманехь марш хедашъ, делара хьо.
Делан дикане, сатуьйсуш, далларцъ цадахахь,
Хаалахь, адам!: декъаз ду хьо.