Со дагавог1ий-те хьуна,

Иса Махмудов
Со дагавог1ий-те хьуна,
Наггахьа ойлане яьлча,
Хьуо хьайца къамеле яьлча,
Хьайн даге ладег1а йоьлча
Г1айг1ано сахьийзо доьлча…
Со воцчохь хьан яхар хилла,
Вайн довзаран т1аьхье ца хилла,
Вайн некъаш кхечанхьа доьрзуш,
Вовшашна вай генадевла,
Делахь а хийра ца девлла…
Тешаме вай хиллехь а вовше
Кьастаран теш хила дезна,
Ткъа наггахь хьо дагаеъча,
Марзло хьоь дог даьхна зама,
Деригге хетало эрна,
Кхолламна т1ехваьлча санна…
Йовзац-кха кху лааман къайле,
Стенна сан дог дуьйлу девне,
Ас хьоьга ойланехь хоьтту,
Со дага вог1ий-те хьуна?