Ца хуьлу...

Иса Махмудов
Къегина боцуш ца хуьлу седа
Серло а йоцуш ца хуьлу де
Т1ам боцуш ца хуьлу хьоза
Т1еда доцуш ца хуьлу хи
Латта доцчохь ца хуьлу мохк а
Мостаг1 воцуш ца хуьлу т1ом
Ога доцуш ца хуьлу ц1а а
Аьлла доцуш ца хеза дош
Ойла йоцуш ца хуьлу лаам
Хаттар доцуш ца хуьлу жоп
Дахар доцчохь ца хуьлу адам
Адмалла йоцчохь ца хуьлу ирс!

 26.12.2013 шо