Жималле...

Иса Махмудов
Къаьста вай, жималла, мел дезаш якхарха зама
Ахь даг чохь латта йо, заз даькхина, аьхкенан бошмаш
Цхьан бешахь сан са ду, полл санна, дай делла хьийзаш
Сан ойла д1акхьоьхьу кханенга суьйренан мехаш.

Къаьста вай, жималла, ахь 1аморх х1ар дуьне деза
Хьоьх 1аба ца кхуьа, дан дезарш, хиларна шорта
Хьо езар хала ду, и д1аьъкех д1аийна даьлла
Хьоьх вокха веш лаьтта чохь, со г1ел веш, хьо йоьду яьлла.

Къаьста вай, жималла, ца доьвзарш дуьсу сан дукха
Ахь суна белла некъ, бацахь а шера, говра ю сан чехка
Уьду и ца кхоош ахь т1оьхна шен дато ленаш.
Хьо генна йуьлушшаьхь, сатийсаман тай, тига-ц хада.

Къаьста вай, жималла, мел дукха дезарах вайша
Хьоьл хьалха бералла ца йитна, хьол къезга езна.
Хьо шеха къаьстинарг вокхавеш, ца вайна суна
Хьо-м чог1а сихели, баккхийчин маг1ра со-ваккха!