Кхин цхьа шо...

Иса Махмудов
Кхи цхьа шо дели сан яхначу замане
Шена чохь гулдина бес - беса денош
Сатуьйсу кхиамаш кханенга бехкина
Со шеха кхетале соьх сиха къаьхкина ...

Кхьи цхьа шо доьду сан доккхадеш шеха
Дахаран аганахь тихкина даьлла
Шен болар сихдина доьду и чехка
Ца хьожуш цкъа юха, ца еш сан 1одика...

Цунах а ца кхеташ со тилла хилла
Схьагарехь соьх къаста и хьаьгна хилла
Буьйсанца де хуьйцуш листи цо денош
Кхин цхьа шо дели сан яхначу замане...

28 ноябрь 2013 шо