Доттаг1 - дуьне...

Иса Махмудов
Вежарша ваша ву олий,
Сан кхачамбацарашна гечдо.
Шичоша шича ву олий,
Сан г1алатийн хьесап ца до.

Ткъа ц1ийнах, ц1арах а воцу,
Йиш-вошлахь гергара воцу,
Тешаме г1ортор а хилла,
И цхьаъ сан амална воцу…

Ас дагна хазделларг дуьйцуш,
И делахь дазделларг далхош,
Цхьаннех а лур воцу эла,
Сан доттаг1-дуьненан мехха!