Нохчийн ФСБ

Хасаин Идрисов
        - Ассалам 1алайкум, т1емалойн баьчча! - аьлла чоьхьавелира Алмазан кабинетана Дагал, синтем байначу хьажарца.
        - Ва1алейкум салам - хьо бусалба велахь!.. - бегашина олуш, маршаллина хьалаайавелира цунна Алмаз г1антара.
        - Бусалба ву, Аллах1ора, ж1арашца т1ом болийначарех ларйина Сулиман-шахьар Салауддис санна, вайн мохк ларбан доьналла тоьур долуш а ву, мажошка хьала уьйзуш юьйхинчу гаттийчу шарбалех! Со хьалхаваьккхина, вайн эскар д1ахьажо, т1ом бан меттиг гучуяьллий, - хатта веана со. Со кийчча ву-кха!.. - Дагалс, шена мара а оьккхуш, аьлча, Алмазас, сихха жоп делира:
        - Х1ан, х1ара тилпу, кху ноьмарца д1атохал х1инццехь! Хьайн ц1е - «Саьрмак» - яккхалахь. Иза - «Алмаз» ду хьуна. Иза - хьан, «т1ехьийза йо1» ю хьуна, цхьа к1ира хьалха хьоьга тилпучхула шен сурт даийтича, ахьа тилпу д1а а тоьхна, хьуна евзина хилла йолу… Сийсара а дина хьуна ахьа цуьнга, шаьшшиъ вовшахкхета лааран къамел. Шаьшшиъ тахханехь вовшахкхетадезаран къамел дел цуьнга.
        - Ма бехьа бегаш, Алмаз! Тохара, къона волуш а мехкаршна цкъа а безаме хетна воцу со, къанвелча - хазваларах тешо со, ишар ел, делахь, суна…
Алмазас, шина п1елгах бина х1оз гойтуш, элира:
         - Цкъа гайтинарг телевизорчухула хазлуш зударшна, - къена жугти велахь а, - зама ю хьуна х1ара. Хьайн г1орг1а аз дуткъадай, д1атохал тилпу, къайлах бечу т1амехь хьуо волуш санна!
         - Схьалуо, делахь. Элло… - качвелира Дагал. - Х1аъ, ба, саьрмак ба… Дала дукхадахаде хьо, сан алмаз, хьан хазачу озо вохвина латтош ву-кх со хьастаха дуьйна… Суна хилларгий?.. Хьерваьккхина ахьа… йиш хаьлла… Со, догмалделла валийта хьуо ца г1ертахь, сайн ТТ-тапчанца, цкъа мукъне хьастахьа… Х1ан-х1а, х1ай, хьуна - миччара кхуссур яра аса иза! Хьо шайн хир юй хиъча, хьуьнчуьра ц1айовдуйолчу мажошна еттар яр-кха, даркх-даркхнехь!.. Ахьа аьллачунний?.. Кху сан ТТ-тапчин бу-кх к1есарк1аг цуьнниг!.. Х1ун-х1ун? Иза хуьлийла кху нохчийн мел долчу тайпанаша т1елецначу беж1уйх вина!.. Со-й?.. Со, дера ву - аьрзуйн бенашкарчу тайпанера!.. Дика ду. Со лаьтташ хир ву хьуна 1аьржачу «Тойота» машенахь. Цу ханна, делахь… Цхьа минот а т1аьхьавуьсур вац, сан хьоме алмаз! 1одикайойла… - аьлла халла парг1ат а ваьлла, Алмазе хаьттира цо:
        - Цуьнан ц1е а Алмаз ю?..
        - Суна х1ун хаьа! - элира Алмаза. - Типучхула суртах бен гина а, евзина а яц иза сайна, - ца аьлла аса хьоьга, - со шена оьшург ву моьттуш, ноьмар галъяьлла хиллехь а, ша йовзийтина хилар бен. Хьан болх х1инца, иза мила ю хаар бу-кх. Иза вай лелхийта г1ерташ елахь - вайн балхана ю иза, иштта д1а - «самукъанениг» елахь, хьайна луъург дан а.
        - Суна цуьнан къамелаца а хаьа: «самукъанениг» ю иза… Амма цунна со везалахь - Дала лар а йойла-кх иза сан т1аьхьабисначу безамах!.. - ши куьг вовшах хьаькхира Дагалс. Цуьнан хаьн т1е оьллинчу тапчане а, цуьнан дега а хьаьжначу Алмазас, бер санна, сихвира иза:
        - Маса лелал! Кечамбел, иза цхьанхьа чуйига чоь лаха а, юург-мерг цу чу х1отто а! Цу г1уллакхан харжана сом а  кхуссур хьуна, вайн Путинан дуьхьа! Кхийтин хьо?
        - Кхийти! Со лолда сайн зудчун! - олуш, когаш бегош г1аьттина, арахьаьдира ФСБ-н белхало, Дагал…