Къосаман назма

Адам Делибер
 Дукха  нах  хилла  Казахстанехь, уггара  адамана  хуорам хиллачу  хенахь, доцачу  бахьанах  бахьан  а  деш, лоьций, кхин а  гена, дуьнена  йистте бохург  сана, дIабуьгуш.
           Цу дукхачу  нахах  цхьаъ хилла, хьехархо дешар а  дешна, Казахстанехь лаьцна, Норильск – гIалахь хиллачу  лагершка  кхаьчна  Магомадов  ЯрагIи  кIант   Къосам.
           Къосум  доьналла долуш а, бакъдолчунна  тIегIорта а, и ала  а лууш а, ваьхьаш  а  стаг  хилла.
           Дукха хан ю Къосам бакъ  дуьнена  вирзина. Ша  лайнарг а, шен  накъосташа ловш  дерг гина волчу Къосама яздина назма  кху деношка схьакхачийна цуьнан  жимаха  волчу  вашас Зайндис, Дала сий дойла цуьнан.
           Багара бан чотт а йоцуш, мелла  нах  хуьйдина Сибрех-махкуо дIа, гIамаруо худа хи санна?  Хаац.

           Магомадов Къосума яздина назма, чулацам   ца хуьйцуш, тахана  шуьга  кхачадо, сан вежарий.


            Делера боккха къинхетам хуьлда-кха  хIара  назма язйинчу Къосамах а, Сибрехахь бисначарах  а, уьш хьахийна, Деле къинхетам бехна, царна тIегIур  долчу вайх  а !





                Динан вежарий


              Кхетачу малхе маршалла  хоттуш,
              Бузучу ва батте до1а-весет доьхуш,
              ,,Г1о дехьа ахь!,,бохуш Элчане кхойкхуш,
              Тхо Деле дехалаш,х1ай динан вежарий!

             Г1елвелла висарах къахетарг каравац,
             Да-нана д1адаьлча  да-нана карадац!
             Дин доцчу Сибрехахь каш хила лаац,
             Тхо Деле дехалаш,х1ай динан вежарий!

             Б1аьстенан латтанаш толлучу хенахь,
             Хьаннашкахь къор кхокхий декачу хенахь,
             Шелонан буто шалелхачу Сибрехахь,
             Тхан рицкъа хилла-кха, ва Веза Дела!

              Сайн юьртах со волуш дуьне ма дуьйхи!,
              Нисархойх со волуш варе ма вирзи!,
              Дуьненан со кашчу вирзина ваьлча,
              Собаре дог луолахь,ва Веза Дела!

              Дуьненан парг1ато ца хилла ели,
              Хеназа жима дог къанделла дели,
              Дуьненан парг1атоца хилла яьлча,
              Парг1ато ахьа елахьа,ва Веза Дела!

              Масс к1анат хира ву ала дош лоьхуш,
              Шен б1аьрга ца дайнарг бакъ дина дуьйцуш!,
              Шех х1ун хир а ца хууш,дуьненах тешна,
              Къиношна геч де ахьа ва Веза Дела!

              Дин доцчу охланехь барт хоттуш ма лаьтта!,
              Г1ийлачу ойланца тхо хьоьга ма кхойкху,
              Хьайн дикачу тобанах тхо делахь ва бохуш,
              Тхан дехараш ду хьоьга ва Веза Дела!



                Автор-Магомадов Къосам,
                Норильск-г1ала,
                1952шо