Набаро адам Iехо хан яра мискачу стеган божала Лом «хьошалгIа» деъча. ДIасхьоьжуш хан а ца йойуш, катоьхна божалара етт бен а бийна, цунах шена пхьор а дина, божалахь ког хецна дIадижира Лом, жимма са доIур – кха ша аьлла.
Оцу хенахь миска стаг, аттана сагатделла, чIурам а боцуш божала вахара - болуш буй - техьа етт, ваьллий - техьа къу божала аьлла, ойла а йолуш.
ДIакховдийча куьйгашна карийра … ког…,хьаькхира куьг … -хьаьстира «аьттан» букъ… .
Деладелира Лом, йира ойла:
- ХIай Iовдал вир, цIога доцу вир – биллгал моттаделла - кха цунна со етт бу.
Дийнан серлонгахь хьайна сан дайча сибат, оьккхара бара хьан стим, кхеравалар совдаьлла.
Дуззалц диинчу пхьорах, гена хиллачу томах дегIе яьржинчу малоно ца боьллуьйтура ши бIаьрг… , ког а, я цIога а меттаххьадан дог ца догIура Лоьман… .
Боккъал а, сан доттагI, ма бакъахьа дара-кх, «куьг» хьакхале, ша куьг кховдийначу хIуманан «чулацам хIун бу - техьа» - аьлла, ша-шега хаьттича!