Куралла иккхина хьан дагчу, хьанех! – аьллера наха цхьана стаге.
- Лулахо ву хьан вала воьжна цомгуш, тIе а ца воьду хьо цунна!
- Муха кхетар ву со сайга дуьцучух? – къора ву-кха со, дуьйцачух кхетар а вац, тIкъа дийца а хIун дуьйцур ду аса? Да хIума дац-кха, дархочунна тIе ца хоьттича вер вац со. Хилийтахьа со къора – со хIуманах кхеташ ву, я Iовдал а вац, цуьнан балдаш меттаха девлича кхетар ву со цуьнан хабарах.
«Могашалла муха ю хьан?» - аьлла хоттур ду аса.
«Дика ю, гIолехь ву со-м!» - эра ду цо.
«Далла хастам бу!» - аьлла, хоттур ду аса: «ХIу яало хьоьга, хIу йиина ахьа?».
Цуо эра ду: «Худар диъна, хьовла кхаьллина!».
Эра ду аса: «Баалахьа и кхача!, ЧIогIа пайдехьа хьан дегIана хир бу хьуна иза! ТIкъа, лоьрех мила ву хьуна дарба лелуо вогIуш?».
Лоьра цIе цуо яьккхича аса эра ду:
«Дала шен доьхьа дойла цуьна вац! Могаш – маьрша и лелийла! – цу лоьро дегIана паргIато йийр ю хьуна!».
Иштта шен ойланца дан деза къамел кеч а дина, луларчу цомгашчуьнга хьажа вахара къора лулахо.
Юхь тIехь шуьйра велакъажар а долуш, неI йиллина, тIехоьттира иза меттахь Iуьллучунна.
«Муха ю хьан могашалла, сан доттагIа?».
«Леш воллу – кха со…» - халла жоп делира дархочуо.
«Далла хастам бу!».
Хьаьдира шело меттахьа Iуьллучунна дегIе, элира гIийла:
«Сан мостагI хилла- кха хIара, уггаре а луьрачех!».
Балдаш меттаха довлуш гина, шеха а кхетта къорачу стага хаьттира:
»ХIун йиина ахьа?».
«ДIовш!».
«Пайдехьа бу-хьуна и кхача, баалахьа алссам, сан ваша! ТIкъа, лоьрех мила ву хьуна дарба лело вогIуш?».
«ДIавала, хIай мостагI, са оьцу Мулкалмовт ду суна тIе хоьттина лаьтташ!».
«Самукъане хилалахь, сан доттагI! – цуо лоьруо яхьар ю хьан дегIана паргIато сихха!».
Вахара къора стаг ша Iачу хIусаме…еанера хаза ойла коьрте:
«Хазачу дашо муьллаха а лазар юхадоккху – кха… . Ша динчу хабарх воккхавеш, ши бIаьрг а хих буьзнера къорачунна:
- Ша велла дIаваллалц суна чIогIа реза хир ву иза!
Дархо-м вара… къорачунна дешнаша лазар алсамм а даьккхина, вала керчина воллуш! …