Кемсех дийцар

Адам Делибер
Вовшашка  дуьйцучух цакхетаруо йоккху адамана юкъара марзо дIа, хуьлуьйту мостагIий, цакхетам совбаьлча юьжу дегнаш чу оьгIазгло…
                Цхьаьнакхетта вогIура виъ стаг  новкъа:  Iаьрби, туркуо, гIажари,  грек.               
                Царна новкъахь цхьа  дика  стаг  дуьхьал  кхийтира. Цуо царна ахча деллера  и зуламе  хир  дуй ца хууш…
                ГIажаричо элира:
     -  Дахийта  вай базара, оьцур ю ангур!
     -  ДIадала, йовсар! –эккхийтира  Iаьрбичо, - ца оьшу ангур, оьцур эйнаб!
                Хабарна юкъаэккхаш элира  туркочо:
     -  Стенна йо аш гIовгIа, хIай деган доттагIий?! Хир дацара гIолехь вай эцча  узум?

     -  Раббана, тхан Дела!  ХIун адамаш ду - техьа шу? Эцийтийша стафил, юур вай Iаббалц, – грек а веара къамела юкъа.
                Цхьаъ дуьйций-м хаьара … дуьйцучух ца  кхеташ, летир-кха вовшех!
                Цахааро оьгIазлуо яьккхира сов…, эгийра цергаш, кегдира пIендарш… .
             Э, маржа яI!  БIе маттах кхеташ верг нисвеллехь, цхьана дашца бийр бара цуо царна юкъа машар!
          Эр ма дара цуо:
     -  Шун ахчанах оьцур ас оьшшург  массарна а, доьазза даздеш, декъа ца декъахь а, машар а бийр  бу чехкка шуна юккъе! Декъа ца декъча а, шун соьмах хир ю оьшшург массарна!

         Цахуучун хабаруо Iаьржа тIом бахьа, ткъа сайчаша – барт, машар,
сихха  схьабалор!