Хено къанвина цхьа стаг веара лоьрана тIе.
- Цамогаш хилла- кха со: бIаьргех хиш оьху, жIаьлин ун кхетта!
Дархочуьнга а хьаьжна, лоьро элира:
- ЖIаьлин ун кхетаран бахьана – хьо къанвалар ду, бIаьрхиш эхаран бахьана - изза ду.
- БIаьрса а гIелделла сан!
- Дуккха а могаш хьо вахарг, цуьнан бахьана а къанвалар ду!
Къеначу стага элира:
- Букъ а лозу сан, тоха са а доцуш!
- Цуьнан бахьана а ду-кха изза - къанвалар.
- Юург йиъча, и пайдехьа ца йолу суна!
- Цу далатохаран а бахьана ду-кха къанвалар!
- Ас чIогIа йовхарш етта, са а ца даккхалуш.
ТIаккха а элира лоьро:
- Цуьнан а, вукхуьнан а бахьана хьо къанвалар ду. Къена хан тIейогIуш, адамна шеца бIе лазар дахьа цо.
- ХIай тентак, хIай Iовдал! – хьалаиккхира воккха стаг. Ца лаьа суна хьо волчохь дарба лаха, хьан Iамийна хьо, мичахь дешна ахь, дарба лелуо хуучу лоьро молханашца лелор дара суна дарба, вист ца хуьлуш, ткъа хьо – шина кога тIехь лела вир, хьо ма - дарра - вир!
ПаргIата элира лоьруо:
- Хьан оьгIазлуо а еана - кха хьуна хьан къанваларо - цу лазарна дарба данне а ма дац!