Пийланах къовсам

Адам Делибер
Далийнера мацах  Хиндустанера,  махкара  вай махкахь гина а, я хилла а доцу пийл.
    Хоттийнера иза бодане божал  чу дIа.
    Ха дан хIоттийначуо, шена хIонц елча, чу бохуьйтура нах тамашийна долчу пийле хьовса.
    Бодашкахь, бIаьргана гуш хIума а доцуш, куьйга эшара и ган гIертара  чубаханарш… .
   ЦIом карадеанера цхьанна, цунах куьг хьаькхна, элира юххерчуьнга:
- Хьажахьа, хьенех, тхов тIера  ладар  чудогIучу биргIанах тера ду-кха хIара! – аьлла.
    Ткъа  вукхуьнан  карахь пийлан  лерг хиллера, и теллина ваьлча, цуо элира:
- Ахь дуьйцург дош дац! – мох тухучу хIуманах тера  ду хIара, – аьлла.
  КхозлагIниг вара пийланан ког толлуш:
- Дера ду хIара акхаро бIогIамах тера!
  Аре санна шуьйра пийланан  букъ теллина ваьлча элира воьалгIачуо:
- Аш  дуьйцург цхьа а дош дац  – биргIий…, бIогIаммий… къорIанора дац-кха  – со волчу  чуьра  тахьтанах  тера ду-кха!  – аьлла.
    Дуьйцура хIорамма а  хет-хетарг…, церан  къийсам  цахааро кхоьллина бара… .
   Хиллехьара цаьргахь чIурам,  серлонгахь гур ма дара царна бакъдолу сибат… .

Хуьлу-кха  нах, куьйга лаьцнарг бен бакъ хIума а дац моьттуш…, олу-кха дош, цуьнан тIаьхье муха хир ю а ца хууш… .