Эмкал, УьстагI, Сту

Адам Делибер
Эмкал, УьстагI, Сту   цхьаьнакхетта хиллера новкъа дIаоьхуш.               Новкъахь, боьжна Iуьллуш, карийра царна докъаран цинц…
  - Муха доькъур ду вай хIара докъар? – массарна а яъал хIума а яц-кха хIара, – элира УьстагIо, - бакъахьа  хир дацара вай ваьшлахь воккханиг мила ву а хьаьжна, воккхачунна кхачийтича? Ала ма  аьлла  маьлхан дуьнен чу серло яржийначу Пайхамара, Делан салам хиларуо: «Ларалаш воккханиг!», -  аьлла.

  - МI – мI-I – аьлла,  бистхилира Сту, - сан доттагIий, УьстагIо  лун хьехам чулацам болуш хета суна, дуьйцур вай дуьнентIа девлла вайн денош – ханна воккхачуьнга  кховдор вай докъаран цинц.
       Элира УьстагIо:
  - Бежара со Халил –УллахI  Пайхамаран жаш  юкъахь, гергарлонан уьйр яра сан ИбрахIим  Пайхамара урс хьаькхначу Iахарца!
       Старо элира:
  -  Мича кхачалур бу хьо соьга, со хуьлу шул а боккха – со дIа а бужий, латта охура  Адам  Пайхамара!

       Цу шиннан аьшпех а, шинна а ца хетачу  эхьах  цецъяьллачу  Эмкало  яийтира шен, Iад санна, сеттина йолу еха ворта охьа, баьхьира, ка  тоьхна, докъаран цинц ирх, элира шингга а:
   -  Ашшимма а дуьйцург бакъ делахь а, дацахь а, со шуьца къийсалур яц, воккханиг мила ву  бохуш, – сан ворта еха ю, ткъа  шаьшшиннал жима со йоций шуна  суначул а дика хаьа, сан доттагIий!...

      
         Хуьлу - кха бакъ… ворта еха ерг…, катоха кхиънехь… .