Баймурд

Адам Делибер
Цхьана дийнахь, оьшург чохь кара  а ца  йина, эца  ваха  вийзира Баймурда. Цхьана туькнахь а, шолгIачу  туьканахь а, мах хаьттича, цецваьллачу  Баймурда хаьттира  юхкачунга:
- Кхуьнан  мах  хIоккхул бен а ма бац, тIкъа  ахьа  соьмана  тIе шиъ ма  туху, къехьа  дац иза? – аьлла.
              Бахамах  Iехавелла  хиллехь а, я  хьуьнхахь  кхиийна  хиллехь  а, туьканан  дас элира  Баймурде:
- Ваша, со къен нах  кхаба аьлла ца  веана  хIокху  дуьнена, хьо реза вацахь, кхечу  туьканахь  лахахь! – аьлла.
(Йохка – эцар  лелориг кху юьртахь Iийна  а, кхиъна  а  вацара, тIевеана  стаг  вара).
«ЭхI!» - аьлла хетта, туьканара  ара велира Баймурд. Юха вогIуш, ойланашка  вахначу воккхачу стагана  дага  деира  шайн юьрта моллас, Сахьаб цIе а йолуш хиллачу  Iелама стага дийцинарг.

                Нигат а  дина, «Далла герга кхочур ву со!» - аьлла, нах а, доьзал а дIа а тесна, адам доцу меттиг лехна, ойланашка велира цхьа стаг.
                Ша хиъначуьра меттах ца волуш, месаш  яхелла, олхазараш, ца  кхоьруш, шен  коьрта тIехь бенаш  бан  дуьладелчи, ша дага лаьцнарг  кхочуш  хиллий а хиъна, хиъначуьра  гIаьттина, юха  нахана тIе ван новкъа  велира  стаг. ВогIуш, юьрта кхаьчча, хоьттина  йокха  базар а, дукха адам  а  гира  цунна. Кху стега де дика а дой, тIех  а бовлий, дIаоьхура  нах. Бехха биначу  базаран  могIанехь цхьа  йохка-эцархо билгал а ваьккхина, цунна  тIе вахара  иза.
                Юхкаш верг  ван  а вара цу бехачу  могIанехь биллгала – ца хеддаша  тIе догIура адам, цера гIуллакхе хьожий, сихха  оьшург дIакховда  йой, хьийзара  ханна  ша жима вацахь а, юхкуш волу  воккха  стаг.
                Эцнарг схьаоьций, «Дала беркат Дойла хьуна!» - олий  дIадоьдура  адамаш.
                Малх чу буззалца хьоьжуш, тидам  беш а лаьттина, юхкаш  вверг паргIат ваьлча, цунна тIе веара  хьуьнхара веана  стаг, салам а луш. ТIевеаначу стагера салам схьа а эцна, пхьегIи чу хи доьттина, хи кховдира  шена тIе веаначу стаге.
                Хих къурд а бина, ша тIе варан бахьан  хIун ду аьлла элира  цуо.
- Суна  хезна  хьох  лаьцна  наха  дуьйцуш, Дала меле дуьллийла  ахьа лайна  хало. Ахьа тахана лелийнарг аса  масех шо хьалха  лелийнера. И гIуллакх  чекх  даьлча, нахана  гIуллакх дан деза аса, аьлла, хIара  болх  сайна тIе лаьцна аса.
                ТIевеаначу  стага  элира:
- Со кхуза  кхаьчча, наха лара  а лоруш, нах  цец а буьйлуш  хира  бу моттара  суна, тIкъа  наха-м  со тергал а ца во!
- Адам цец  дала хIума  дисна  а дац, сан ваша!
«Айса дийриг Дела доьхьа до-кха аса!» - аьлла  нигат а дина, ахьа нахана  гIуллакх дахь, хьо нийсачу новкъахь ву хьуна. ТIкъа, Далла  гIуллакх деш  ву  со – бохуш а волуш, хьан са  бахамах тасаделла  далахь, ахьа лелориг хьан кхочуш хир дац.
- Эццал дукха адам хьуна тIе даран бахьна хIун ду, кху бехачу могIанахь дуккха  а кхин а юхкуш нах  боллушехь?
- И соьга ца  хоттуш, тIе богIучу нахе хата деза. ТIкъа, сан болх – терза нийса лела дар, цадогIург ца дехар, хьарам мах ца лелабар ду.
               Ишта, дохадале дийцинарг дага деанера урамехула меллаша вогIачу    Баймурдана .
               Кхин цхьаъ а туька яйра воккхачу стагана, чуй-арий оьхуш, ца совцуш, адам а лелаш.
               Чу ваьллачу стеган гIуллакхе хьаьжира  гIе-метта хоьттина стаг, оьшург сихха схьаеара. Механа реза а хилла, цIехьана  дага  деана, хаьттира Баймурда:
- Хьена  ю  хIара туька? – аьлла.
- Леча цIе йолуш ву-кха иза,  - аьлла жоп делира цунна.
- Дала беркат эша мадойла  цуьнан хIусамехь а, цуьнан доьзална а. ДIатохахьа  аса аьлларг Лечи лорах.
- Дела реза хуьлда хьуна а! ДIатухар ду аса!
                Ара ваьлла, паргIат цIехьа  вахара  Баймурд.
                Цунна мичара хаара,  шена  оьшург  йоьхкинарг туьканан да Леча вуьйла!