Хих дуьзначу бIаьргашна гуш хIума дац, маьлха дуьне кхоьлина Вайнеха йоIана – хотта мел цадезарг хоьттина махкахь – вийна ваша, лазийна да-нана, йиша, тIамо ца бузучу кийра хьарчийна жима цIийнда… .
Заманан балано ягий-кха йоьIа елаялар, латий-кха бос боцу сийна цIе жимчу дагах… , хийци-кха коьртара хаза ойла леттачу цIаро… .
Айина корта, йоIа хьажабо бIаьргаш Кавказан даккхийчу ламанан баххьашка … ницIкъ боьхуш шена.
Лур бу Кхоьллинчо цу йоIана ницкъ, хена йохаллехь чевнаш а йоьрзур ю дIа вай, вежарий, бахь цуьнан ларам, ма делаш диц шу – ю шуна и цхьана дикачу де йоI, дикачу кIента йиша, Делера къайле а йолуш дуьненчу деанчу беран - Нана!
Лераниг Нана – лорур ву Дала!
Дац шуна, вежарий, лараме кхочуш дуьненахь х1умма а!