Мохьмада пондаран аз

Адам Делибер
Дукха нах бац тахана бисина Сусханан Мохьмад дага вогIуш, цуо  Сибрехахь лелийнарш хууш а.
              Сусханов Мохьмад иссбаьхьа хаза кехат-пондар лакха хууш стаг вара, я1ог!а доттаг1аллийн уьйр яра цунан Димав 1умарца.      1944 шарахь, 23-чу февралехь къомана т1ебеана бала , бийца ца оьшуш, нахана дика хаа.     Хенан йохаллехь гуча довлу хазнаш, наха дина диканаш.
                ШолгIа, кхоалгIа   де новкъахь дIадаьлча, адам   бIарзделла, сина хуорам хилла   доллучу хенахь  цхьана вагона чохь къеначу стага чIоггIа мохь тоьхна элира:
- Ва Мохьмад!  Хьайн да Сусхана дага а воуьйтуш, лакхахьа  пондар!
                Цу готтехь сихха  меттиг  баьккхина, хоийла йина, Мохьмаде
кехат-пондар  кховдийра  цунна юххехь болчу наха.
                «Дош багах  ца  доккхуш, пондар схьаэцна, и бист хилийтира Мохьмада!» - олий,  дуьйцу  х1инца а и сурт гинчу наха.
                КийракIаргера ара эккха  кечделла  белхар  куьйгашца сецош, бIаьрхиш совцуо ницкъ ца  кхочуш цу вагонара адам пондаран озаца делхийнера  Мохьмада.
                БIаьргех, ладар санна,  охьа  уьдуш, кIайчу мажа юкъахь къайла  дуьлу бIаьрхиш  лечIкъа  а ца  деш кханочо элира:
- Дала мукъалахь! Дала мукъалахь!
- Вай хIоккхе  кхаччалц   шалона  чIургаша  бохура: «Дуьгар ду! Дуьгар ду!»
   Хезий шуна цара хIинца бохург? - «ДогIур ду! ДогIур ду!»
                Цхьана стага олуш сана, цхьана метта элира  вагонахь долчу адамо: «Дала мукъалахь! Дала мукъалахь!»
                «Адамана цу кепара синапаргIато йоккхуш, кийрара бала ойуш хилла Сусханан  Мохьмада, Димаев Iумара, Айдамирова Марема, Делера къинхетам  хуьлда царна! – олий,  хаза дош олуш дукха нах бу х1инца а!
               

                Делера  къинхетам хуьлда-кха  Сибрехана  бала лайначу вайн дайх-нанойх!,  юкъара  барт боьхна, и юха балуо гIертачу  вайх  а!