Вайнехан маьхкарша кхечу цIен тIе боьлху хан тIекхачале, цу гIуллакхан ойла а еш, кечам беш хилла.
Ойла еш кечам бар ма даций - коч-мача, гIабали кечъяр – цу кечваларан кхин маьIна хилла наноша Iамийначу мехкарша юкъадуьллург.
Цхьана йоIана тIехьийзаш ши жима стаг хиллера. «Цхьаъ вукхул оьшуш ву- кха» - аьлла, ала хIума дацара я йоьIан а, я юьртарачу нехан а шина кIантана.
Цхьабосса хаза а, товш а вара ший а, ала, хIуьттаренна ца алахь, хIума доцуш!
Бакъду, цхьаъ совдегаран кIант вара, шолгIаниг – бахамах, реманех дозалла дан йиш йолуш вацара!
Шена тIехьийзаш волчу шиннах цхьаъ билгалваккха веза хан тIекхаьчча, йоIа ирахьIан хи йистте веанчу шолгIачуьнга хаьттира, хаттар дан кIанте пурба а дехна:
- Хьуна, ас хьайга хаттар дича, новкъа догIур ду аьлла ца хета суна - вайн дайша-наноша цахуург хаттарх эхье дац олуш ду. Хаттар дан хьайга ахь пурба суна даларна хьуна вай кхоьллина Дела реза хуьлда! Суна хьоьга хатта луург хIара дара: хьуна ма- хаъара, суна тIехьийзаш совдегаран кIант ву, шега йола а бохуш, хан йилла а боху цуо соьга. Алахьа соьга, хьайн дагна вас а ца еш, муха кIант хета хьуна иза?
Хаттаро вагийра ирахьIан веънарг! Бакъду, бIаьргнегIар тоьхна а, я юхь тIера бос хийцабелла а шен дагара - м ца хаийтира кIанта. Хаза, паргIат, сов оьзда вистхилира кIант:
- Цахуург хаттарх де а эхье хIумма а дац - хаттар ца дича цахуург хуургехьа ца долу! Иза а, со а хьоьга безам болуш, хьоьга сатуьссуш тхо дуй хьуна хуу дуккха а хан ю. Суна и кIант сайл оьшуш ца хета. Воккхачуьнца - жимачуьнца арахь а, чохь а гIиллакх лелуо хууш а, лелош а ву иза. Аьллачул совдаьккхина, я эшийна сан ала хIумма а дац!
Хаттарна кхоччуш шена жоп даларна кIантана баркалла а аьлла, йоI, кIант дIасакъаьстира хийистера.
ШолгIачу дийнахь совдегаран кIант вара ирахьIа веанарг.
Хьалхарчу дийнахь ша дина хаттар дира йоIа совдегаран кIанте а, шолгIачух лаьцна. ЙоьIан хаттаруо кIентан юьхь тIера бос хийцира – гIеххьачул цIий а вела, (эхь хеттехь, я халахеттехь), коьртарчу куйнах муьшка а йина, шаьлтанан мукъ куьйга къевлина, элира йоIе:
- И кIант хьоьца вогIур волуш стаг вац! Хуьйцуш духа духар а доцуш, я хуьйцуш лелуо шолгIа дин а боцуш волчу цуьнга хьо яхча, цуьнга хьо кхабалур ма яц. ХIара сан когахь йолу ши мача ю цуьнан боллучу бахамал а еза!
Совдегаран кIанта дуьйцучуьнга ла а доьгIна, йоIа элира:
- Дела реза хуьлда хьуна! ХIинца хаьа суна айса дан дезарг - масех де даьлча ас хаам бийр бу хьуна сайн сацамах!
КхоалгIачу дийнахь йоI маре яхара шолгIачу кIанте.