Юьртара юьрта ваха а беха бу гIаш бен некъ. Йиш-таро йоьхна араваьллачу стагана - м муххалле а.
ТIеваха бухахь стагга а ца хилча, ша да волу хIусам тIамо дIашарйина а йолуш, доккхачу дуьненахула яьржина ойла а йолуш, доьхначу дагца новкъаваьллачу стагана мел Iаьржий, мел шийлий хета еза, мацъелла борз санна, сихъелла тIейогIу буьйса, аьхкенан и елахь а?
Ткъа ши бер а эцна араяьлла, некъ юьхьарлаьцначу берийн нанна?
Дикка некъ бина, гIелделлачу боларца новкъа йогIу, шеца шиъ бер а долуш, карахь – гIехь боккха тIоьрмиг а болуш, жимчу дегIахь зуда. МаьркIажан бода кьовлалуш серло кхечира шина беран нанна тIаьхьа.
- Дела! Хьуна хастам бу-кха! – Хьо везарг, вевзарг хир ву-кха, – аьлла куьг айира берийн нанас, сацаяхьара боху ойла йолуш.
Шийла мох тухуш, ченан кIур шена тIехьа айина машен тIехъиккхира.
Куьг айинчохь йисира берийн нана эрна арахь…
Мацалла делахь а, я кхераделла делахь а ненан когех хьерчачу шина беро меттаялийра нана.
Цхьаъ кара а эцна, тIоьрмиг вукху куьйга а лаьцна, тIоьрмиган тIомах шолгIа бер тасаделла, юха а некъ юьхьарлецира нанас.
Дикка некъ бича цуьнан бIаьргаша схьалецира некъ лаьцна лаьттачу салтийн ха, латийна лепаш машенан цIен серлонаш а яра гуш.
Шина бераца нана тIекхаьчча салтичо хаьттира:
- Хьо стенга йоьдуш ю? – аьлла.
Зудчо ша йоьдучу меттиган цIе яьккхира. Вист а ца хуьлуш, ненан карара бер схьа а эцна, машен чу хаийра салтичо, тIоьмиг чу биллира.
- Чу ховша! – нене а, шолгIачу бере а аьлла, машенан дега элира:
- ХIара зуда кхача гIерта юрт некъана гена, нацкъар яц. ДIакхетаелахь!
- Дика ду, дика ду! – сихвелла, маттана тисса а луш элира машенан дас.
Берийн нене элира салтичо:
- Хьо генара дуьйна тхуна гуш яра, хьо тIекхаччалц сацийнера оха машен. Кхера а ца кхоьруш, дIагIуо.
Машенахь волчунна хаза а хозуьйтуш, раци схьаэцна, вист хилира салти, иза цигахь ларвеш вуй хоуьйтуш… .
Дикка дIанехьа девлча стага элира:
- Хьо меташка ю моьттуш ца сацийра ас машен, – аьлла.
Меллаша дIадаьстира зудчо шен коьртара йовлакх, сов паргIат элира стаге:
- Сох меташка таръяла хьуна сан сибат гира, я сан боларх хиира, я соьга вист хилла хиира хьуна, со мила ю.
Кхин а паргIат тIетуьйхира берийн нанас:
- Стаг волчу стага меташканна а сацор ю, стогаллин хьаса боцург, тIома яьлла йоьду боьрша гIаз санна, тIехваьлла дIагIур ву… .
Жимма соцангIа хилла, зудчо чекхдаьккхира:
- Хаа ца хаьа цу пекъарна а, са дадийна йоьдучу, шена кIело йина Iаш йччархо хир вуй… .
Нуьйжан тIе биллинчу аьчган хьостамна варзапо дийриг динера шина беран ненан дешнаша стагах – дегIана жима а хетара хьалхалерачул а, вист хилар-м дан а дацара...
Ши бер а, нана а дIакхачуо еззачу дIа а кхачийна, вист а ца хуьлуш, дIавахара иза… .
Хьанна хаьа, сан доттагI, кхеравеллачохь дайна доьналла – стогалла зудчун дешнаша карадайтиний а?