Де дика к1ант

Адам Делибер
  Вайнахана тахана  еана  синагаттаме  зама  санна, еана  хилла  ширачу хенахь цхьана къомана  Зама – бIарзделла, сингаттам  совбаьлла, дан  дезарг  ца  хууш.
                КIорггера  Iилам девзина, яккхий къайленаш хууш  волу стаг хилла шен  цхьаъ бен воцчу кIанте хьоьжуш, тидам беш.
                Шен  кIантера сингаттам готтаре совбаьлли шена хиича, дас элира  кIанте:
- КIант, аса цхьа  доIа Iамор ду хьуна – ахьа  хьайца, деша а доьшуш лела мел до, сингаттам хир бац хьоьгахь, бIарзвалар хIун ду а хуур дац  хьуна, хьайна  хуург  нахе а ма дийца.
                ДIаделира дас кIантана  сина паргIатуо  яхьа  доIа.
                Ара ваьлла, сихха йоккхачу майбана  кхечира  кIант. ЧIогIа  мохь тоьхна, адам  шена тIедерзийна, вистхилира иза:
- Махкахой!, аса цхьа  доIа деана шуна – схьаэций, шайца  леладе, аша иза шайца  мел леладо – сингаттам хир бац шуьгахь, бIарздалар хIун ду а хуур дац шуна!
                Шега дас аьлларг доха а дина, халкъана доIа дIа а дела, сина паргIатуо яьлла, ша динчух воккхавеш, цIа къечира кIант, дега элира:
- Дада, ахьа сунна делла доIа аса, майдана а ваьлла, нахана дIа дели! – аьлла.
                Ша шен кIантана дихканарг цуо дастарна чIогIа оьгIазе вистхилира да, кIант човха а веш.
                КIанта элира дега:
- Аса и доIа сайна цхьанна лелийча, со цхьаъ  бен  кху балех хьалха вер вацара. ТIкъа, хIинца хьажал адаме – ахьа делла  доIа доьшуш, сингаттам дIабаьлла, сибаташ серла девлла бу  нах дIа- схьа боьлхуш. Эзарнаш балера бовлар дац гIолехьа?
                Меллаша шен  кIантана хьалха гора хоьттира да:
-  Солла  а  тоьлла хьо, сан кIант, хьо соьлла а лакхахь ву Далла герга боьдучу  новкъахь! ХIинца со а ву хьуна, и нах санна, сина паргIат – аьлла.