Дукхе – дукха шераш хьалха къаноша, хаза хабарш дийца охьахевшича, дуьйцуш цхьа хабар дара.
Адам шена герга цакхочче а вахана, Далла гIуллакх а деш, ломахь сецнера къано.
(Хьанна хаьа, Дела воцчунна, хIу хаттарш кхоллалора къаночун коьртехь)
ДIаихна дуккха а шераш… .
ЦIкъа, цхьана дийнахь, неIаре адам деача санна хетта, хаьттира стага:
- Мила ву кхузахь?
ДегIе зуз доуьйтуш, исбаьхьа аз хезира цунна:
- Безам бу со! - аьлла.
- ХIун до ас безамах? – со къан а велла, дуьненан тийналле ладуогIар доцург, суна оьшуш хIумма а дац….
Дикка хан яьлча юха а неIаре адам деара къаночунна.
Хаттарна жоп деара неIарера:
- Со бахам бу!
- Сан бахам Делехь бу, ткъа дуьненан бахамна юххе Iехавелларг бен хIуттар вац….
КхоалгIа адам неIарехь шена хааделча, дог тоха а луш, кагделлачу озаца хаьттира къаночуо:
- Мила ву хьо? - аьлла.
- Са цIе Барт ю, - хезира неIарера схьа.
Пхийттара ваьлча санна, неIаре хьаьдда, шуьйрра и дIайиллина, къевллина мара воьллира къаночуо Дала шена ваийтина Веза Хьаша…
Воьлхура къануо…, цунна хиллачу томах баккхийбеш лаьттара юххехь… Безам а…, Бахам а… .