Валаре кхайкхар

Адам Делибер
Кест -кеста хеза вайна  новкъахь а, адам  вовшахкхеттачохь а: «Хьалха, вай кегий долуш, баккхийчара  олура: «ЙогIур ю  цхьа  хан, веллачух валаза висинарг хьоьгуш!» -  олий.

                Сайна цахуург хоттур ду-кха ас  аьлла луларчу юьртахь Iаш, Мохьмад цIе а йолуш волчу стагана тIе вахара со. Соьга хьоьжуш  ша  Iаш  хилча  санна, велавелла, векхавелла дуьхьалвеана, могаш-паргIат хаьттина, ша волчу  хIусаме  кхайкхира  Мохьмада  соьга. Сан бIаьргаш чохь ша дешча  санна  соьга элира:

-  Дика хаттар ду хьан коьртехь дерг  – аьлла. ( Тхойшинна хьалха рицкъа а  диллина,  чуьра  араелира  хIусамнана, оьшучунна  хьажа неIарехь жимха а витина).
               Ас  динчу хаттаре ла а доьгIна, Мохьмада  элира:
-  Ас  цхьа  дийцар дуьйцур  ду  хьуна, эвлаяаша  вовшахкхеттачу хенахь  дийцина, сайна хезна.
                Мацах, дуккха а шераш хьалха, цхьа миска  стаг хилла,  хьуьнхахь  дечиг а  лахьийна,  цIа вогIуш – чIогIа гIелвелла а, къанвелла а, дуьненах   ечу ойланаша а гIелвина –  хIор  денна  дечиге лелаш, доьзална рицкъа даккха гIерташ.
                Кест -кеста ойла йогIу мискачу стеган  коьрте:
- Маржа яI!  Ма бакъахьа  хир дара –кх  со велча. ХIун  дисина суна кху  дуьненахь. Хуьлуш хIума а дац – хIор  денна  дечиг  кхоьхьу, цIа вогIу, юу, вуьжу, гIотту – юха а селхана хилларг -  тахана … .
 Сан куьйгаш эгош ду, ницкъ дIабаьлла, бIаьрса а гIелделла – хIун  чулацам бу  сан вахаран?».
                Доккха  са а даьккхина,  элира мискачу стага:
- ХIай  са оьцу Мулкалмот!- хIораннан  са  эца  догIу - кха  хьо – хийла диканиг, хазаниг, жима а, воккха  а, къеста  а  ца  веш, дIавигна Ахь!  ХIунда латтайо  ахь  соьгахь  хIара къизалла, вигахьа  со Хьайца  дIа, кхачахьа хIиннца!

                Цхьана а  адамана  кхайкхича  ца  догIу  Мулкалмот, бакъду, мискачу стага гIийлачу озаца кхайкхича,  деана  схьа-м хIоьттира!
                БIаьрзе болчу  стеган  бIаьргашна гира  иза, хаьттира: «Хьо  мила  ву, – аьлла.
-  Ахьа  кхайкхира  соьга! Со  хьан  валар  ду!

Кхеравелира стаг,дуьйжира дог
- Аса-м хьоьга суо б1арзвелла дела кхайкхира, бакъдерг аьлча-суна лаа-м ца лаара хьо дог1ийла!

Хан кхаьчча дог1у валар, кхайкха а ца оьшуш.
Оцу мискачу стага валаре кхайкхаран цхьа бахьна дара- ойла нисъелла ца
хилар !
Хьал долу стаг валаре кхойкхур вац-массо а вала а велла, шаьша дуьсур ду моьтту дукхахболчарна!