Безамах Дош

Адам Делибер
                1947 шарахь, Казахстанехь, «Лаьцначуьра Адам цIа веана!» - аьлла хезна, цуьнан хIусаме баьхкинера и вевза нах а, нийсархой а.
                Вовшашка бист хилла бевлича, «хIинца паргIат дист хир вай!» - аьлла, Адама элира шена доьхьал  хиъна Iачу  Мохьмад цIе йолчу шен доттагIе:
- Алахьа, доттагIа, безамах  лаций  дош!
                ГоьлатIа ког а баькхина Iачу Мохьмада элира:
- Дера эра ду, Адам! – схьакхайкхал Асет цIе а йолуш, дехьара чохь йолчу йоIе.
                Кхайкхина ялийра йоI. Массо а Iара, Мохьмаде ладогIа кеч а вела.
                Мохьмада элира, жимма вела а къежна:
- Безам…, хьо Безам!
- Хьан Безамехь лаам а бацахь, лаамо дихкина хьан са а дацахь,
- Хьан Безам цIена а, оьзда а, кепа ахьа тоьхна а бацахь,
- Хьо Безам дIалуш велахь, доьхьала хьайна хIумма а ца доьхуш,
- Хьан Безам даима бекъалуш белахь,
- Хьан Безамах Паччахь ахьа вахь, докъазалла цунах ца еш,
- Хьан Безам цхьаммо дIаэцча – ирс долуш хьуна хьо хетахь,
- Мегар ду хьуна, доттагIа, Безаман хьоза дIахеца  стигала!
- Хаалахь – Безамна ахьа дели-кха тIемаш!!!

               
             Хазачу дешнех дагна там хилла, Iуьйрана кхетта малх санна цIеий а елла, лаьттара кхайкхина чу ялийна Асет.
 
             Бехха  Iийра накъостий Мохьмада  дуьйцачу хабарех самукъа долуш, Сусханов Мохьмада локхучу пондаре л а дугIуш.

             Мерза хан яра адамашна юкъахь, дахар Сибрехахь къиза хиллехь а …